ТIекхочийла долу линкаш

"Тезетахь техкаш го вайн бошмаш, хьаннаш..."


Нохчийчоь --Гадаев Мохьмад-Салахьан 105 шо кхочуш Нурадиловн театрехь хIоттийна васт, Соьлж-ГIала, 10ГIу2014

Нохчийчоь --Гадаев Мохьмад-Салахьан 105 шо кхочуш Нурадиловн театрехь хIоттийна васт, Соьлж-ГIала, 10ГIу2014

Кинон а, театран а режиссера, сценариста Яхъяев Салавдис Гадаев Мохьмад-Салахьан сакъийзаме поэзи йовзуьйтуш, васташ хIиттийна Нурадиловн театрехь. Маршо Радион корреспондент хьаьжира спектакле.

Говаьлла байтанча,гочдархо,Iилманча, философ Гадаев Мохьмад-Салахь вина 105 шо кхочучу, кху гIуран беттан 10-чу дийнахь, Нурадилов Ханпашан цIарахчу къоман театрехь цуьнан сий-лерамна спектакал а хIоттийна, карладаьккхина цуьнан чолхе, халонийн уьйриг а хилла чекхдаьлла къиза дахар а, доьналлех, стогаллех, оццу дахаре болчу безамах юьзна, цуьнан лийрйоцу кхолларалла а. И хIоттийнарг ву режиссер Яхъяев Салавди.

Схьагарехь , цуьнан аьтто хилира хьовсархой теша а беш, цхьана адаман ойла ца лестинчу, ца кхевдинчу Iаьршашка а вуьйлуш,исбаьхьаллин дешан къайле яьстина байтанча а, доьналла долу стаг-къонах а, хьекъалан а, хаарийн а кIорге йолу юьхьша вовзийта а, цуьнан кхето атта доцу васт хьовсархой дегнашка дижо а. Цунна тоьшалла дара тIеIаткъам хиллачу зударша дIадоху ларамаза даьхкина бIаьрхиш а, чаккхе йоцуш детта тIараш а, айдардешнаш ца кхоош хазадо хастаме дешнаш а.

Спектакал хIотторан Iалашонах а, Гадаев Мохьмад-Салахьех дош олуш ву математикан Iилманан лакхене кхаьчча говзанча, нохчийн мотт а, литература а езархо а, йовзархо а волу Дадашев Райком. Дахар зеделлачу Iилманчо вуно маьIне лору, мел халонаш тIехиттарх, кхоллараллин некъах ца туьлуш, къармазалла гойтуш чекхваьллачу поэтан дахар къоначарна довзийтар.

Дуьххьала гучуваьлчахьана дуьйна а хьовсархой тидам тIеберзош, церан дог-ойла йийсаре еш, Гадаев Мохьмад-Салахьан васт кхоллараллехь дика ларавелла аьлла хета къоман артист Азаев Хьамзат. Уггар коьртиниг цо, теша а еш, шен ойланна, дахар кхеторна, тидарна тIаьхьаязайора публика. Ка а тоьхна,мацахлерчу дахарера схьаэцча санна, оццул бакъдолчунна герга дара цо олу дош а, «Гадаевн» цIарх ялхайо ойланаш а, цунах «дIа а воьлла»тера лелар а.

Коьрта-коьртаниг ца аьлчи, спектакало бинчу тIеIаткъаман массо агIо йийца хан кIезиг хиларна билгалйоху ас байтанчо валар-висарх, Iар-дахарх,нохчийн къам дохадарх йина лазаме ойланаш. Цу исбаьхьаллин гайтамехь а коьртачарех яра и теманаш. Къаьсттина Iийжаме а,баттара яьккхинчу шаьлтанан ираллех тера сакIамдеш дагалецаме а дара нохчийн къам дохадар карладалар.(назма)

Гадаев Мохьмад Салахьан вовзар шордеш, цуьнан васт кIаргдеш,цунах кхетар аттачу даккхарехь гIо деш санна екара Сталинан Iедал бахьнехь, къаьхьа кхаж баьллачу къомо Сибрехахь текхначу хенан луьралла, къизалла гойту эшарш а.

Бакъду, дохадаран тема йийцаран лакхе лара йогIу цу спектакалехь Гадаевс ша йоьшуш йолу "Даймахке сатийсар" байт. Схьагарехь шен хенахь Сулейманов Ахьмада алархьама ца аьлла, шен ерриге а исбаьхьаллин иртийн меттан и цхьа байт язйина хуьлуьйтур вара ша.

(Йоьшуш вверг ву Гадаев рол ловзийна Азаев а, артист Сатуев а).

Чурт санна лаьтта со ГIум-Азин арахь.

Тянь-шанан лаьмнашка бIаьрг тоьхча, кийрахь

Генарчу даймехкан сурт хIоттало,

Малхбузе мел хьийжи, дог Iийжадо.

Малх, буза бегийна, регIа лахбелча,

Суьйре а, даш санна, сайна язьелча,

Ойлане дарц даьлла со айавелча.

Даймахке вуссу со Язал Жалала.

Бераллехь хьийзинчу даккъашка вуссий,

Ламана арешка гIийла бIаьрг кхуссий,

ХIиттинчу бIаьргаш чу сирла хиш дуьссий,

Даймахке хьоьжу со Язал Жалала.

Тезетахь техкаш го вайн бошмаш, хьаннаш,

ГIайгIанех юьзна го тогIенаш, Iаннаш,

Дайн кешнаш доьхначохь упханийн аннаш

Хьулдан да воцуш го, Язал Жалала.

Вай дина ярташ го тишьелла,гIийла.

Го сирла шовданаш дай боцуш мийла,

Вайн хьомсара ков-керташ, Каш санна шийла,

Сов ирча карайо, Язал жалала.

ТIаккха со дог духий,аьрцнашка волу,

Iийжачу кийрара мохь –цIогIа долу,

Яьссачу тогIеша соьца мохь олу,

Iадавой воьрзу со, Язал Жалала.

Гуш а, хезаш а ма-хиллара Гадаев Мохьмадан Салахьан байт йоьшуш а, я цуьнан атта ца нисделлачу дахаран « агIонаш луьстуш» балийна эшаран мукъамаш, Iаламат чIогIа жоп луш бу дечу къамелана а, йоьшучу байтана а.

Дахарх философан кIорге йолу ойланаш ярехь, валар –висар кхеторехь нохчийн исбаьхьаллин литературехь а тоьллачех цхьаъ йолу «ЦIен берд» байте ладугIуш кхетало аьлла хета Гадаевн къонахаллин, доьналлин бух-орамех.

Цунна ницкъ лург, кханенах, хиндолчух и тешориг хилла хьомечу Даймехкан цхьа юьхк, дакъа вина кхиъна юрт. Цундела лаьа цунна валар цIахь ца хилахь а ша «бераллин той диъначу» Даймехкан кийрахь дIаверза…

Iожалло Iехаво,оьций, дIахьой, Ял йоцуш вирзинарг лар йоцуш вов.

Уьйрашна вицвелча, Далла а вийлой, Базло бах, лахьти чохь упханан тхов.

Даим со хьегначу ЦIен-Берде гIой, Цуьнга бIаьрг тохалаш, аьтто хилахь.

Цигахь диънера ас бераллин той, Цигахь лиънера сайн чурт а дагахь.

ГIеллой Iаш хетало безна и мохк. Малх хьуллуш бIаьрг тоьхча геннара дIа.

Хьомсарчу ламанах хьерчаш Iен дохк,Гуш санна вогIалой веха со Iа.

Дог-мерза гул а лой, ЦIен –Берде гIой, дегнийн хьу ясталаш бIаьста-гурахь.

Сан мета бIаьрг тохий, сан бIаьрга гой, Сан берд аш хьасталаш ганза со лахь.

Цигахь диънера ас бераллин той. Цигахь лиънера сайн чурт а, дагахь.

Пепнаш кIел тIулг богIий, гонаха берд хьой, Безамна бIарлагIа елаш цигахь.

Гадаев Мохьмад-Салахь вина 105 шо кхочучу дийнахь Нурадилов Ханпашан театрехь хIоттийна спектакал дIайирзира чекхъяллалц хьовсархоша хьанала, беркате тIеIаткъам беш. Цуьнан хиламаш кхиаран кюльминаци олу дукъ-лакхе лара йогIу,хетарехь, цхьаболчу литературан говзанчаша Гадаевс ша-шех,шен дахарх язйина лоруш йолу «Дарта» байт.

И мел бакъ ду ала хала ду, амма байтах аьлчи-иза нохчийн исбаьхьаллин литературан жовхIарех цхьаъ ду, шеко а йоцуш. Цуьнца доьрзуьйту ас Гадаев Мохьмад-Салахьан йицлур йоцчу,йовр йоцчу байталлех къамел.

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG