ТIекхочийла долу линкаш

Туркойчохь адамаш лецарна дуьхаьл бу еврокомиссараш


27 стаг лаьцна туркойн полицино КIирандийнахь дIаяьхьнчу рейдашкахь. Царна юкъахь ву Туркойчохь уггаре а даккхийчерах долчу Zaman олучу газетан коьрта редактор Думанлы Экрем а, Samanyolu олучу медиа тобанан куьйгалхо Караджа Хидайет а, Samanyolu TV телеканалан продуссасерш Аслан Салих а, Коч Энгин а, Истанбулан полицин терроризмаца къийсам латторан департамента куьйгалхо хилла Эргюдер Тюфан а, 13 провинцин коьрта эпсараш а.
Истанбулан прокуратуро уьш бехке беш бу терроран организаци кхолларна а, харцонаш лелорна а, питанаш даржорна а. Евробертан дипломатин куьйгалхочо Могерини Федерикас а, Европан политикехула волчу еврокомиссаро Хан Йоханнеса а емал дина Туркойчохь нах лецар.
Шен агIор Туркойн президенто ЭрдохIан Реджепа дIахьедар дина, Евробарт оьшуш дац шайн гIуллакхашна юкъагIерта аьлла.
XS
SM
MD
LG