ТIекхочийла долу линкаш

Нохчийчохь болх сацор бац Каляпинан тобано


Human Rights Watch а, Amnesty International а вовшахтохараллаш кхайкхам бина Оьрсийчоьнан Iедалшка, Нохчийчура бакъонашларъярхой хьийзор сацаде, церан кхерамазалла ларйе аьлла. И дIахьедар цара дина кху беттан 13-чу дийнахь Соьлж-ГIалахь адамашна ницкъ барна духьал йолчу комитетан меттигера белхан меттиг ягийначул тIаьхьа.

Human Rights Watch организацин векло Нейстат Аннас дIахьедар дина, Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана бакъонашларъярхошна дуьхьал кампани йолийначух тера хета шайна аьлла.

Амма Iаткъам барх шен болх сацо дагахь яц Нохчийчохь болх беш йолу бакъоналаръярхойн мобилан тоба. Цунах лаьцна дIахьедар дира Маршо Радионна ша еллачу интервьюхь цу тобан куьйгалхочо Каляпин Игора.

Каляпин Игорь: «Болх оха кхин дIа а бийр бу Нохчийчоьнан территори тIехь. Тхаьш долийна цхьа а гIуллакх дIатосур дац оха. Тхан юристийн болх офис чохь хиина Iарх лаьтташ бац. Тхан юристийн бол суьдашкахь а, прокуратуран органашкахь а, талламан комитетехь а хуьлуш бу. Нохчийн дукха хIума довр дац, нагахь тхан юристаш буьйшуш а, документаш кечдеш а Ставрополехь я Дагестанехь хилахь. Хьовсур ду тхо муха нислур ду хьал, нагахь оьшуш меттиг нислахь белхан меттиг кхечанхьа хир ю».

XS
SM
MD
LG