ТIекхочийла долу линкаш

Харцо, нийсо ца кхеточу къоман къина мила велха веза?


Франци -- Европан Парламентан Ассамблеягара шена дина совгIат схьаоьцуш ву Каляпин Игорь,23Тов2011

Франци -- Европан Парламентан Ассамблеягара шена дина совгIат схьаоьцуш ву Каляпин Игорь,23Тов2011

Соьлж-ГIалахь тIелатар хилллачул тIаьхьа цIерш туьйсуш ю махкарчу бахархойн цIенойх. И зулам емалдинчу «Iазапна дуьхьалояран комитетан» куьйгалхо Каляпин Игорь сийсазвеш, къамелаш до Iедалерчу наха хьовха, цуьнца цхьаьна болхбинчу нохчийн бакъоларъярхоша а. ХIун ду хилларг а, хуьлуш дерг?..

Iаржанний, кIайнний, дикий, вонний хиламаш хьийза Нохчийчохь кху беттан юьххьехь гIаттамхой Соьлж-ГIала бахкинчул, цаьрца Iедало тIом бинчул тIаьхьа дуьйна.

Вийначу цхьайтте а муджахIидан доьзалийн, гергарчийн цIенош дагийна, хIусамдай, шайл тIаьхьа лар а ца юьтуш, махкара бовда декхаре бина.

Шеко а йоцуш, цIенойх цIерш тийса еза аьлла, администратора Кадыров Рамзана бинчу кхайкхамна цуьнан го бу жоп луш, кIуй санна, яххьех туьтмIаьжиг а йоьхкина.

Муьлхачу конституцино, муьлхачу низамо магадо оццул къиза хьийза, террорна дуьхьал террор лелон стенна мега Iедална, аьлла, Кремлан дакъошка хаттар дина волу «Iазапна дуьхьалояран комитетан» куьйгалхо Каляпин Игор а, цуьнан массех накъост а ву, Кадыровн гоно ваьхна а ца Iаш, махкахь бу бохучу бакъоларъярхоша а гезвохуш. Оцу юкъанна ягийна комитетан Соьлж-ГIалара петар, полицино дIаяьккхина цуьнан белхахошкара оргтехника.

Пачхьалкхан доларчу «Грозный» телехьожийлехула, Каляпин сийсазвеш къамелаш дира деношкахь махкарчу Iедалхйоцчу организацийн кхеташонан лидер волчу Муцаев Мамис а, Оьрсийчоьнан президентан цIарх Нохчийчохь адамийн бакъонийн тергоечу Нухажиев Нурдин хьукматехь информатикан-аналитикан декъан куьйгалхо волчу Зубайраев ИбрахIима а, «Таллам» цIейолчу байна нах лохучу юкъараллан хьалханчас Кагирова Тамарас а, «Объектив» олучу информатикан-аналитикан агенталлан куьйгалхочо Саратова Хедас а.

Массо а тIе а товш, иштта бохура, масала, Зубайраев ИбрахIима.

Зубайраев «Каляпин а, и саннарш а банне а бац бакъоларъярхой. Цара Малхбалерчу шатайпанчу ницкъийн тIедахкарш кхочушдо. Уьш лерина бу шайн Iаьржа гIуллакхаш кхочуш дан, вайна кхузахь юха а хьовзамаш баха, Оьрсийчоь йохо. Вайн, нохчийн, проблемаш вай бен кхетор а яц, вайга бен уьш листалур а яц. «Мемориал» я «ХIельсинкин Тоба» хIун хир яра, ойла яйша, Нохчийчоь йоцуш. Кхузахь лелла бохамаш бацахьара, уьш цхьанне а Оьрсийчохь евзаш а ма хир яцара. Уьш кхоллина а, ехаш а ю вай бахьанехь».

«Iазапна дуьхьалояран комитетан» куьйгалхо Каляпин Игорь а, цуьнан массех накъост а ерриг Оьрсийчоьнна а, дуьненаюкъарчу адамийн бакъонаш ларъечу хьукматашна а шо, ши шо хилла а ца Iа вевза. Ша юкъаралла – иза Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн организацино Iазапна дуьхьал 1986-чу шарахь арахецначу конвенцин тIаьхьало ю, оцу конвенцин сацамаш пачхьалкхашка кхочушбайтархьама кхоьллина.

Москох, Нохчийчохь цIенош дагорна дуьхьал хIоттийна пикет, 16ГIу2014

Москох, Нохчийчохь цIенош дагорна дуьхьал хIоттийна пикет, 16ГIу2014

Цундела ала деза, Нохчийчуьрчу веа бакъоларъярхочо гезвохучу Каляпина шен болх бо Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн организацин цIарх. Вон а ца бо. Цуьнан жамI ду комитето бIеннашкахь полицин, Талламан комитетан, прокуратуран белхахошкара юьйлу харцонаш ша болхбечу шерашкахь Iораяьхна а, эшийна а хилар. Каляпинан гоно ницкъахойн караваьккхина хийла нохчо, гIиртина нахана тIехь гIело ярца билгалбевлла Iедалхой шайн семантIе ховшо.

Каляпин Игорца къамел хилира Маршо Радион. Нохчийчохь массийтта тIегIанахь шайна йинчу дуьхьалоно некъ буьтий хьуна а, хьан накъосташна а махкахь болх бан, хаьттира оха цуьнга.

Каляпин: «Болх оха дIахьош а бу, хьор а бу, цу тIехь цхьаненна а шекьхила ца оьшу. Тхан юристаша болх бо кхелашкахь, прокуратуран а, Талламан комитетан а дакъошкахь. Ткъа офис – иза кехаташ кечден а, тхан наха буьйсанаш йоху меттиг бен а яц. Хьал муха доьрзу а хьовсур ду, оьшуш хилахь, офис кхечу меттехь а хир-кха. Болх оха хIета а, вета а Нохчийчохь бийр бу, болийначу талламех цхьа а оха сацор а бац».

Каляпин Игорь дуккха а къиношна бехкевечу Кадыровна тIе а тайна, цунах лаьцна къамел дечу Соьлж-ГIаларчу бакъоларъярхоша дийцаредо «Iазапна дуьхьалояран комитете» дуьненанюкъарчу хьукматашкара кхочу ахча.

И ахча хьангара, стенгара кхочу а, цунах хуьлучух а лаьцна а хаьттира Маршо Радионо Каляпин Игоре.

Каляпин : «Къизаллина духьалоечу комитетна» ахча лурш тайп-тапанарчу мехкашкара хьостанаш ю. Бакъду, мелла а ахча ло тхуна Iамеркарчу фондо а. Ткъа Оьрсийчоьнан президентан администрацино а ма ло тхуна и ахча. Ала дашна, Iамеркарчу фондочул дуккх а дукха. Тхуна дуьнаюкъарчу фондаша ло ахча, ас цунах дозалла а до, иза лечкъа а ца до. И терахьаш тхан сайта тIехь гайтина а ду.

Тхоьга гIодоьхуш хуьлучу нохчашна дика хаьа, тхо говза юридикан гIо дой ца Iа, царех дукхахберш тхан чоьтах Оьрсийчуьрчу цхьацца санаторешкахь а, дарбадечу меттигашкахь а хилла. Ахча оха оьцу, массарна а хууш, дуьненаюкъарчу хьостанашкара, и ахча Оьрсийчоьнан бахархойн хьашташна хьажош а ду. Суна цигахь цхьа а вон хIума а ца го. Шуна хIун лаьа? Тхан юристаша шаьш бечу балханна шайгара мах боккхийлий? ТIаккха, хетарехь, киса а тоьар дац-кх дукхахболчу нохчашна!»

Москох, Нохчийчохь ценош дагорна дуьхьал пикет, 16ГIу2014

Москох, Нохчийчохь ценош дагорна дуьхьал пикет, 16ГIу2014

Кадыровс а, цуьнан гоно а «Iазапна дуьхьалояран комитетца»даьккхинчу девнан орам стенгахь го, цуьнан бахьана стенца дозу, аьлла динчу хаттарна жоп иштта делира Каляпин Игора.

Каляпин: «Нохчийчоьнан Iедалан аьтто баьлла Соьлж-ГIалина тIелатардича гергарнаш беллачу нехан лазамах пайдаэца. Бехкениг милла а карийна а, нахана каро лаар юьхьара а эцна, оьгIазалла тхуна дуьхьалъяккха».

«Iазапна дуьхьалояран комитет» хьаша арабевлла Нохчийчохь цхьаберш лелачу юкъанна, цуьнан куьйгалхочо а, Оьрсийчуьрчу кхечу бакъоларъярхоша а шега хьажийначу дIахьедарна дуьхьал пачхьалкхан Талламан Комитето даийтина кехат. Кадыров Рамзана а, цуьнан цхьаболчу гIовсаша а нехан цIенош даго деза, дайша шайн галбевлла воIарий байа беза бахарехь зулам шена ца го аьлла ду жоп.

Ца гахь, дIаэца шайна бохуш санна ду Нохчийчохь кхидIа деш долу зуламаш а.

Мохкохарчу бакъоларъярхоша хаам барехь (Нохчийчуьранаш-м иштаниг хаийта а, дIахазон а ца хIуьтту), шинарий Iуьйкъехь Гуьмсехь дохийна кхин цхьа цIа. Оцу чохь Iаш хилла къена зуда а, цуьнан воI а, нус а, кхо бер а. Берийн ду 4, 1,5 шераш, жимачун 6 бутт бу.

ГIуларера полицно вигина, къайлаваьхьна 30 шо долу Цамалигов Исрапил. 4 бер ду цуьнан цIахь. Шозза ХьажцIа вахана а ву иза, меттигерчу маьждигна тхов туьллуш а хьийзина тIаьххьарчу муьрехь.

Оршотдийнахь Теркйистера дIалехьийна мажош мел йолу кегийнах. Мажош а яьшна цIабахкийтина.

Нохчийчуьрчу бакъоларъярхойх стагга а ца ваьлла цкъачунна нехан цIенош дагор конституцица догIуш дац, я нах лоьцуш дIа а буьгуш, уьстагIий санна, лергар гIелояр ду ала.

Ткъа Каляпин Игора я кхечу тIевеъначу бакъоларъярхочо а дош ца олучу хьал далахь, стенга даха деза Iедало хьийзабечу Нохчийчоьнан бахархойн къа?

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG