ТIекхочийла долу линкаш

Кхин а дайлуш ду мехкадьатта а, сом а


Дерриг а дуьнентIехь юха а дайделла мехкадаьтта. Шинарин дийнахь Брент цIе йолчу мехкадаьттан цхьана черман мах бара 59 доллар ца кхочуш. Цу тайпаниг хилла дацара 2009-чу шарахь дуьйна. Шинарин дийнахь соьман курс охьяьлла евроца дуьстича 10 процентана, долларца дуьстича 8,6 процентана.

Шинарин буса Оьрсийчоьнан Коьртачу банко 10 процентана тIера 17 проценте кхаччалц хьала баьккхина ша коммерцин банканашна ахча луш хIоттийна барам. Иза дича мехкан валюта дазлуш Iедал ду. Амма Оьрсийчоьнан Корьртачу банко яьккхинчу гIулчо цкъачунна гIо ца дина хIора денна дайлуш долчу соьманна.

XS
SM
MD
LG