ТIекхочийла долу линкаш

126 стаг вийна тIалибаша Пешаварехь школехь


Лаххара а 126 стаг вийна Пакистанехь Пешавар гIалахь школана герзаца тIелатар дар бахьана долуш. Царах дукхах берш дешархой бу. БIеннаш нах закъалтана лецна бу. Царна юкъахь берриш аьлча санна 10-20 шераш долу школан дешархой а, студенташ а бу. Дешаран гIишлонна гобина эскархоша. Детташ герзаш ду.

Полицино сецош бу школана чугIерташ болу дай-наной. Пакистан эскаран векалша дийцарехь, хиллачу тIематасадаларехь вийна 5 зуламхо. И тIелатар шаьш дина аьлла дIахьедар дина тIалибаш. Церан векало дийцарехь, цара тIеман школа хаьржина, Iедалша шайн доьзалшна а, зударшна а тIелетарш до аьлла.

XS
SM
MD
LG