ТIекхочийла долу линкаш

220 журналист ву набахташкахь латтош


Карарчу хенахь тайп-тайпанчу пачхьалкхийн набахташкахь чувоьллина латтош ву 220 журналист аьлла хаам бина Журналисташ ларбон комитет олучу организацино. Царах 132 ши стаг бехке вина пачхьалкхана дуьхьал хилла аьлла. Бакъонашларъярхоша бинчу хаамца уггаре а дукха а чубоьхкина журналисташ бу Китайхь – 44. Царах ах гергга тибетхой а, уйгураш а бу.

Журналисташ ларбон комитето дийцарехь, ГIажарийчохь набахташкахь хан токхуш ву 30 журналист. Роухьани цу мехкан президент хIоььтича хьал хийцалур ду аьлла сатесна бара бакъонашларъярхой. Амма иза бакъ ца хилира. Цул сов, журналситаш чубоьхкина латточу пачхьалкхашна юкъахь ю Эритрея, Эфиопи, Вьетнам, Шема, Мисара, Мьянма (Биома), Азербайджан, Туркойчоь.

XS
SM
MD
LG