ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кризисах хьалхаяла цхьа а стратегин план яц Оьрсийчоьнан


Кризисах хьалхадовла цхьа а стратегин план яц Оьрсийчоьнан Iедалан аьлла дIахьедар дина Оьрсийчоьнан экономикан кхиаран министро Улюкаев Алексейс. «Ведомости» газетана ша еллачу интервьюхь цо элира шаьш лелош дерг цхьаъ галдаьлча цунна реакци яр бен кхин хIумма а дац аьлла. Улюкаевс дийцарехь, цхьанаметта кхо кризис ловш ю карарчу хенахь Оьрсийчоьнан экономика.

Цу хьелашкахь стратегин план оьшу бохуш ву иза. Министро даре дира Оьрсийчоьнан экономика кхиар хьалха санна хир дац аьлла. Iамерко Оьрсийчоьнна дуьхьал кхайкхийна санкцеш яхлур ю аьлла хета цунна, уггаре а хьалха цу пачхьалкхехь тIеэцан низам юхадаккха хала долун дела.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG