ТIекхочийла долу линкаш

Оьрсашна долларех духкур ду шайн сурсаташ белорусаша


Белоруссин президенто Лукашенко Александра декхарелахь дина шайн Iедал Оьрсийчоьнна шайн сурсаташ далларех а бен ца дохка. Шаьш Оьрсийчоьнера оьцучу мехкадаьттанах а, газах а долларш ло, соьмаш ца ло, бохуш вара Белорусин лидер.

Лукашенкос критика йира шайн Iедална дукха хенахь дуьйна долларех а, еврох а бен дохка оьшуш дацара Оьрсийчоьнна шайн махках дина сурсаташ аьлла. ХIара бутт болалуш Белорусин президенто дIахьедар дира, Оьрсийчоьно товш доцург лилийра, цо бохийра дуккха а берташ Белорусера компанийн сурсаташ шайн пачхьалкхехь дохкар а дихкина аьлла.

XS
SM
MD
LG