ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ГIирмаца йоьзна керла санкцеш тIеэцна Евроберто


Евроберто керла дехкарш дина Оьрсийчоьно дIалаьцна йолчу ГIирме инвестицеш хьажорца доьзна. Reuters агенталло бинчу хаамца, Брюсселехь хиллачу саммитехь Евробертан Кхеташоно цхьа а декъашхо дуьхьал а воцуш керла санкцеш тIеийцира Iаьржа хIорд чохь мехкадаььат долу меттигаш лахарца а, мехкадаьтта даккхарца а, ткъа иштта туризмаца а а йоьзна йолу.

УНИАН агенталлан корреспонденто Евробертан арахьарчу политикехула волчу комиссаран пресс-секретарна Коцьянчич Майина тIе е тевжуш хаам бина и санкцеш болх бан йолалур ю кху беттан 20-чу дийнахь дуьйна аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG