ТIекхочийла долу линкаш

Москох кхайкхина Ким Чен Ын


2015-чу шарахь Стигалкъекъа-беттан 9-чу дийнахь Толаман Де даздеш дакъалаца Москох кхайкхина Оьрсийчоьнан Iедалша Къилбаседа Корейн лидер Ким Чен Ын. Цунах лаьцна хаам бина Оьрсийчоьнан президентан зорбанан секретаро Песков Дмитрийс. Иза дуьххьарлера визит хила мега Ким Чен Ынан кхеча пачхьалкха ша Къилбаседа Корейн куьйгалхо хIоьттичхьана.

Оьрсийчоь лууш ю Къилбаседа Корейхула газ йохка Къилба Корейна. Амма Сеул баш тешаш яц цунах гIуллакх хир ду бохучух. Къилба Корей кхоьруш ю Сталинан низамашца ехачу пачхьалкхо ша газан транзитан закъалтхо лацарна. Даханчу кIиранах Хабаровскехь хIоллам схьабиллина 2011-чу шарахь ша валале масийтта кIира хьалха Оьрсийчу веана хиллачу Ким Чен Ынан дена Ким Чен Ирна.

XS
SM
MD
LG