ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Inditex а, BNS Group а - мах бар сацийна Оьрсийчохь


Кху дуьнентIехь уггаре а евзаш йолчу мачаш а, духар а, цхьацца кечлуш лелон хIуманаш а юхкучу фирманаша сацийна Оьрсийчурча туьканашка шайн товараш хьажор. Иза доьзна ду сом тIех сов дайлуш хиларца.

«Ведомости» газето бинчу хаамца, шайн хIуманаш йохкар сацийна Испанера Inditex олучу концерно а (цуьнан ю Zara а, Oysho а, Bershka а туьканаш), ткъа иштта BNS Group олучу концерно а (цо урхалла деш ю Оьрсийчохь Calvin Klein а, Armani Jeans а, Michael Kors а, TopShop а).

BNS Group олучу компанин куьйгалхочо Богатырев Дениса дийцарехь, соьман карарчу хенахь йолу курс бахьана долуш хIуманаш юхкуш болчу неха ахча ца диса мега керла коллекцеш эца. Цундела сацийна цара мах бар.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG