ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Навальныйна 10 шо хан тохар доьха прокурораша


Пачхьалкхан бехкбиллархоша дехар дина суьде Навальный Алексей 10 шо, цуьнан ваша Олег 8 шо хан а тохий, чуволла аьлла. Царна бехке дуьллуш ду «Ив Роше» цIе йолчу компанин ахчанна тIехь бозбунчаллаш лелор. Замоскворецки кIоштан суьдехь прокуроро дIахьедар дина вежарийн НавальныйгIеран бехк хилар гучудаьккхина шаьш аьлла.

Талламхошна хетарехь, вежарша Навальный Алексейс а, Олега а 30 миллион сом лачкъийна а "Ив Роше Восток" а, "Многопрофильная процессинговая компания" олучу шина компанин.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG