ТIекхочийла долу линкаш

Дуьххьара кхелана хьалха хIоьттина Царнаев


Стохка Бостонехь марафон дIахьош ши эккхийтар дина Царнаев ЖовхIар дуьххьар хIоьттина кхелана хьалха. ХIорш цкъачунна долу ладогIарш ду. Коьрта кхел хаттар доладала дезаш ду тIедогIучу шеран Дечкен-баттахь. Бостонехь лелхийтарш дар бахьана долуш вийна 3 стаг. 260 сов стаг чевнаш хилла вара.

Прокуратуро дийцарехь, Царнаевс и лелхийтарш дина полицино герз тоьхна вийначу шен вешица Тамерланца цхьаьна. Царнаев ЖовхIарна бехке дуьллуш ду 30 зулам дар. Цу юкъахь ду адамаш дайар а. Нагахь иза бехке хилар тIечIагIдахь цунна вен кхел йийр ю. Царанаевс ша бехке хилар даре ца до.

XS
SM
MD
LG