ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ТIеэцна Iамеркан тIеман бюджет


2015-чу шеран бюджетах лаьцна долчу низаманна тIе куьгтаIийна Iамеркин президенто Обама Барака. Iамерка мостагIех ларъян хьажийна 496 миллиард доллар. Кхин а 64 миллиард доллар дойур ду Цхьаьнатоьхначу Штаташа махкал арахьарчу тIеман компанешна. Цу юкъахь ю ОвхIанистан а.

Цу документаца а догIуш, Iамеркан тIеман ницкъаша шорйийр ю «Исламан пачхьалкх» олучу тобанна дуьхьал дIахьош йолу тIеман операци. Пентагон дагахь ю Шемара оппозицин тобанаш Iамо а, царна герз дала а. Iамерка гIо дан дагахь ю «Исламан пачхьалкх» тобанца тIом беш йолчу иракъхойн а, курдийн а тIеман тобанашна а.

Обамас кхайкхам бира Конгрессе Гуантаномо набахте дIакъовлуш гIортор яхьара шена аьлла. Цу набахтехь латтош бу терроризм лелийна аьлла шеко йолу нах. Республиканхой дуьхьал бу Обама и набахте дIакъовла гIертарна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG