ТIекхочийла долу линкаш

ТIаьхьарчу шерашкахь ца хиллачу кепара алсам маьрша бахархой байина ОвхIанистанехь 2014-чу шарахь


Кху тIаьхьарчу шерашкахь ца хиллачу кепара алсам маьрша бахархой байина ОвхIанистанехь 2014-чу шарахь. Цунах лаьцна хаам бина Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Вовшахтохаралло. Цу организацин ОфхIанистанехь йолчу миссино хIора шарахь кечдечу рапорт тIехь дуьйцуш ду Лахьан-бутт чекхбаллалц лаьрча цу махкахь 3188 маьрша вахархо вийна а, кхин а 6429 стаг чевнаш йина а хилар.

Стохка хиллачуьнца дуьстича алсамдаьлла байинчу зударий а, берийн а терахь. Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Вовшахтохараллан векалша дийцарехь, маьрша адамаш дайаран коьрта бахьана ду тIематасадаларш а, шаьш йина бомбанаш а лоьлхуьйтуш цигарчу тIеман тобанаша вовшашна тIелетарш дар а.

XS
SM
MD
LG