ТIекхочийла долу линкаш

Керла санкцеш кхайкхорна Iамеркина а, Канадина а жоп дала кечлуш ю Москох


Iамеркин Цхьаьнатоьхначу Штаташа а, Канадо а кхайкхийначу керлачу санкцешна дуьхьал жоп лур ду шаьш аьлла дIахьедар дина Москохо. Цунах лаьцна хаам бина арахьарчу гIуллакхийн министран когаметто Лукашевич Александара. Юьйцуш ерш хIун гIулчаш ю хьахош дац.

Хьалхо хиира Iамеркин президенто Обама Барака дихкина хилар ГIирмаца йохкаэцар лелор. Цо иштта бакъо елира финансийн министраллина Украинера хьал чолхе даккхарна бехке болчу нахана а, организацешна а дуьхьал санкцеш кхайкхо. Санкцеш хьакхалочу могIаршна юкъахь ву 24 Оьрсийчоьнан а, Украинан а махкахо а, масийтта компани а.

Канадин арахьарчу гIуллакхийн министро Бэрд Джона хаам бина ПIераскан дийнахь шаьш Оьрсийчоьнна дуьхьал йолу санкцеш шорйина аьлла.

XS
SM
MD
LG