ТIекхочийла долу линкаш

500 стаг вен кхачийна Пакистанехь


Пачхьалкхарчу кхелаша террорхой а лоруш, вен кхачийна 500 стаг дахарх ваккхар дIадолор ду Пакистано тIедогIучу кIиранашкахь. И хаам бина кIирандийнахь мехкан чоьхьарчу гIуллакхийн министра Нисар Iали Хан Чоудрис. Цо бахарехь, президент реза ца хилла къинхетам бан. Министра дийцарехь, махкахь стаг верна тоьхна лаьттина мораторий дIаяьккхинчул тIаьхьа зуламаш динарш бу байа кхачийнарш.

КIира хьалха Пешаварехь школана тIелетта, 140 бер а, церан хьехархой а байъинарш а бу премьера бинчу сацаман декъахь. Мораторий юхаэцначул тIахьа Iедалан цIарх вийна Пакистанехь 6 тутмакх.

XS
SM
MD
LG