ТIекхочийла долу линкаш

Обамас харцдо ша Путина эшийна бохург


Оьрсийчоьнан президента Путин Владимира Украинерчу кризисца доьзна лелачу политикехь кадехиларца Малхбузе а, ша а эшийна бохуш ечу критикана жоп делла Iамеркан Цхьанатоьхначу Штатийн президента Обама Барака.

КIирандийнахь CNN телекомпанина интервью луш цо элира, Путинан политика ю Москохна дуьхьал санкцеш яхийтинарг а, Оьрсийчохь экономикан проблемаш гIовттийнарг а. Финансийн кризиссий, экономикан кхиар дожаррий ду Путина ловш, оцу хьолехь олийла дац, Iамерка цхьамма Iехийна, бохура Обамас.

XS
SM
MD
LG