ТIекхочийла долу линкаш

Нохчийн салташна йиттина


Бутт хьалха Оьрсийчоьнан эскаре а бахана, цигахь тешамна чIагIоян кечлучу нохчийн салташна гIелонаш йо бухахь боху хаамаш кхочу Нохчийчу.

РогIера хаам беана БуьритIрачу 58-чу тIеман дакъойн корпусе гIуллакхдан хьовсийначу кегийрхойн гергарчаьргара, яздо «Кавказский Узел» агенталло. Цо дийцарехь, ши де хьалха тIеман декъан майданахь дуй баа кечамаш бечу нохчашна йиттина, декъан керта тIехула а лилхина, баьхкинчу спортан духаршкахь хиллачу наха. Чевнаш хиллачу нохчех кхоъ халчу хьолехь реанимацехь ву, агенталло дийцарехь.

XS
SM
MD
LG