ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Израил реза яц Палестинан пачхьалкхалла бакъдечу мехкашна


Швеци -- Палестинан Стокголмера векалт, Лах30, 2014
Швеци -- Палестинан Стокголмера векалт, Лах30, 2014

Палестина пачхьалкхе хилар къобал дечу мехкашна юкъахь хIинцалц схьа масех Европера мохк бен бацара. Ткъа хIинца ю Исланди, Швеци, Франци, Финлянди. Царна реза яц Израил.

Евробертана юккъе йогIучу пачхьалкхаша Палестина пачхьалкхе санна къобалйар долийна, ткъа цу хIуманна дуьхьало ечу Израилан Iедалша европахой шайн мехкашкахь бехачу ислам дин лелочарна товш хила гIерташ бу аьлла дIахьедина.

Палестина пачхьалкхе санна дIакхайкхинера цу махкарчу Къоман Кхеташоно 1988 шарахь. ХIетахь дуьйна дуьненчуьрчу бIе сов пачхьалкхаша официала къобал а йинера иаз. Амма дуьненан нуьцкъалчу пачхьалкхех дукхахчара тIеоьцуш яцара Палестинин официала статус.

Цхьанатоьхначу Штаташа, масала, я Германино, я кхечу Евробертана юккъе догIучу мехкаша. И пачхьалкхе официала къобал а йина, Рамаллаца дипломатийн юкъаметтигаш дIахIоттийна йолу дуьххьарлера Малхбузерчу Европера пачхьалкхе хилира 2011-чу шарахь Исланди.

ХIетахь дуьйна кхаа шарахь тийналла лаьттинчул тIаьхьа хIинца эххар а, цхьаъ вукхунна тIаьхьа палестинхойн шайн къоман пачхьалкхе хиларехь йолу бакъонна къера хуьлуш ю Евробертана юккъе йогIуш йолу пачхьалкхенаш.

И гIулч хьалхара яьккхира Швецино масех кIира хьалха. Лахьан беттан итталгIачохь Швецин арахьарчу гIуллакхийн министро Вальстроьм Маргота дIакхайкхира, шен урхалло Палестина пачхьалкхе хилар къобалдо аьлла. „Иза мехала гIулч ю, палестинхойн шайн кхоллам шаьш билгалбаккха йолу бакъо тIечIагIйеш йолу“, - элира цо.

Оцу сохьта цу сацамна резадацар довзийтира Израило а, шен цу махкара векал цIавигинчу, ткъа иштта Цхьанатоьхначу Штаташа а. Амма чкъург, олуш ма-хиллара, карча йолаелира. Швецин тIаьхьа Палестина къобалйира Францино а, Финляндино а.

Ткъа Британин парламенто тIеийцира, шайн урхалло а изза дан деза аьлла болу сацам, Британин премьер-министро Кэмерон Дэвида и сацам кхочушбийр бац аьлла сихонца дIахьедар динехь а.

Кхузахь хьахон догIу, хьалха Европа хIуъу дина а, Палестинин шен пачхьалкхе дIахIотторехь болу къийсам тергал ца бан гIерташ хилла хилар, уггаре а хьалха Израилца йолу юкъаметтигаш талха ца ярхьама.

Амма кху шарахь дарже еанчу Евробертан арахьарчу гIуллакхийн министро Могерини Федерикас ша болх бан йолаеллачу хьалхарчу деношкахь зевне дIахьедар дира, шен даржин хан чекхйалале Палестина массара а къобалйаре сатуьйсу ша, аьлла. „Суна чIогIа мехала ду, кхечу пачхьалкхаша, Европерчу а, Европера йоцучу а, Палестина къобалйар. Со ирсе хир яра, сан белхан хан чекхйалале и палестинхой пачхьалкхе дIахIоьттинехь“, - элира цо.

Стенца доьзна ду-те хIинцалца схьа палестинхойн баланаш ца гуш санна Iийна йолу, ткъа Израилан Iедалша цу махкахь мел харцонаш а, къизаллаш а лелорх, царна бай пIелг ластор бен, кхин юккъе ца гIуртуш Iийна йолу Малхбузера урхаллаш хIинца цIеххьана самайовлар? И хаттар Маршо радионо Европерчу стратегикаллин талламийн институтан аналист волчу Асхабов Хьамзате делира. Цо дуьйцу.

Асхабов: „Дуьненчохь хьал, массарна а гуш а, хууш адолуш, хийцалуш ду. ХIнцалца схьа дуьненачуьра низам лардеш, иза цхьана тIегIанна тIехь латтош нуьцкъалчу пачхьалкхаша кхоьллина йолу ша-башха фундамент юхуш ю.

Цу хьолехь Израил кхуллуш гIодинчарна а, цунна таханалца ахчанца а, политикан белашашгIорторца а гIо деш хиллачарна а кхеташ ду, хьал иштта дукха деха латта йиш йоцийла. Цу пачхьалкхено лелочунах царна кхин дIа синхьаам ца хуьлу. Хийцамаш цуьнца боьзна бу цхьаьнадекъехь“.

Кхеташ ма-хиллара, Малхбузехь Палестинин шен пачхьалкхе хила бакъо къобалйина ца Iаш, и пачхьалкхе официала тIеэцар Израилан Iедалшна вуно гома ду.

Цу хьокъехь Израилан чоьхьарчу гIуллакхийн министран гIоьнча йолчу Киршенбаум Фаинас дIахьедар дира кху деношкахь, Палестина къобалйеш йолу Европера пачхьалкхаш шайн мехкашкахь бехачу бусулабчарна томехь дерг дан гIерташ ю, аьлла. „Европерчу шахьаршкахь кхоьру шаьш долчехь алсам бовлучу бусулбачийн тIеIаткъамах а, церан оьгIазлонах а“- элира цуо. Политологна Асхабов Хьамзатна хетарехь, цхьаьна агIор иза харц а дац.

Асхабов: „Хууш ма-хиллара, хIинцачул 30 шо хьалха Европехь иштта дукха маьждигаш а дацара, иштта дукха бусулба нах а бацара, тахана санна. Европерчу пачхьалкхашкара бухара нах, хIара култура кхоьллина болу нах хенаца кIезгалуш бу. Церан доьзалш кегий бу, я банне а бац. Цара хIора а доьзалезь аьлча санна жIаьлеш кхиадо, амма бераш ца кхиадо. Цу хьелашкахь кхин а 30 шо даьлча хьал кхин чIогIох хийцаделла хир ду, бусулбанаш кхузахь кхин а алсамох хир бу. Иза тидаме ца эцча ца долу Европера Iедалш“.

Хьахон догIу иштта, масех де хьалха Европерчу кхело „Исламан дуьхьало яран болам“, я, вуьшта аьлча, ХАМАС тоба Евроберто хIоттийначу террорхойн могIаршлара араяьккхира хилар.

Цкъачунна Палестинина тIехь урхалла деш хIинцалца схьа Израил хилар, ур-атталла официала декъехь Палестинхойн автономан администрацин долахьа долчу лаьттанашна а тIехь.

Дуьненан юкъаралло палестинхойн лоручу лаьттанашна тIехь хаддаза керла бахамаш а, ярташ а йохкуш ю Израилан урхалло, тIеIаткъамечу дуьненаюкъарчу хьукматаша а, институцеша а беш болу кхайкхамаш а, бехкамаш а тергал а ца беш.

XS
SM
MD
LG