ТIекхочийла долу линкаш

Музаев Сайханах айкханча ван гIерта гуьржийн къайлаха сервис


Гуьржийчоь -- Музаев Сайхан, нохчийн мухIажир

Гуьржийчоь -- Музаев Сайхан, нохчийн мухIажир

Гуьржийчохь мухIажирийн хьелашкахь бехачу нохчийн дахар да хьоьгур волучех дац, цигахь кхо шо хьалха сецначу Музаев Cайхана дийцарехь. Маршо Радионо хьалхо дийцира цунна гуьржийн къайлахчу сервисо ечу гIелонах лаьцна. Амма дикачу агIор хийцаделла дац хIумма а...

Музаев Сайханан гIуллакх Гуьрйжийчоьнан дазанал ара а даьлла, дикка девзаш ду. Шо хьалха цо Тбилисехь зорбан-конференци дIаяхьира гуьржийн къайлахчу сервисо шена тIеIаткъам барх лаьцна. Цуьнга, цо тоьшалла дарехь, дIадаханчу Саакашвилин Iедалехь хиллачу цхьаболчу лаккхарчу низамхошна тIекхайкха, 2012-чу шарахь Лапанкурехь тIеман операци кечйинарш уьш бара алий, бохура. Цигахь хиллачу тIамехь вийра нохчийн 11 тIемало а, гуьйржийн 3 эскархо а.

Шена ца хуург дийца дуьхьалваьллачу Музаев Сайхананна хIетахь дуьйна болабелла и бала. Тахана иза Гуьржийчоьнан паспорт а долуш, кхечеран санна бакъо а йолуш ву, амма шен гIуллакхе дIасаваха ца вуьту. Ца волуьйту, низамо магош делахь а, махкал ара а.

Маршо Радион рогIера къамел хилира Музаевца. Цо дуьйцу шена гонах кхолладелла лаьттачу хьолах а, цуьнан бахьанех а лаьцна.

Музаев: «Дуьххьара соьга хIара харцо йийца хIоьттинарг кхеран «контрразведка» олучу урхаллера Зумбадзе Валера бохуш цхьа накъост вара, ца догIу, кIоршаме къамел дан воьлла. Хьоьга сайна болх бойтур буй, хьан кхузахь вала да ваций, ваха меттиг баций бохуш. Соьга ма дахьара ахь и къамел, ас айса иштта деш а дац, я сайга дайитина а дац, аьллера цуьнга.

Ахь соьга харцо юьйцу, со Iадвита, аьлча а, ша ас аьлларг ца дахь, кху Гуьржийн махкахь Iойла дойур ду хьан, аьлла цо соьга. Ас прокуратуре чуделла цо сайга дина къамел, иза сацавахьара аш, аьлла. Цул тIаьхьа ах шо даьлча а, со тIе а кхайкхина, хIара хIунда яздина ахь,аьлла а, соьга хаьттина ма дац цара».

Официалехь Музаев Сайханна дуьхьал буьллуш хIуманна а бехк бац. Амма, гарехь, гуьржийн къайлахчу сервисна ца лаьа, хилларг-лелларг нахала доккху стаг, таIзар а ца деш махках валийта. Цунна шена хетарехь, уьш цхьаъ даккха гIерта цуьнгара.

Музаевна 3-4 мотт хаьа. Цо масситта шарахь Iилма Оьрсийчохь а, юха СаIудийн Iаьрбийчохь а Iамийна. 2001-чу шарахь Гуьржийчу а веана, цигахь кхо шо даьлча паспорт схьа а эцна, болх а карийна, вехаш хилла. ХIинца, Iедало бан болийна Iаткъам бахьанехь, я кхин дIа деша а, я болх бан а йиш йоцуш веха.

Музаев: «Суна меттанаш хаьа. Ингалсан мотт Iаморхьама, виза а яьккхина, Лондоне ваха дагахь вара со. Кхара и хьовзам а баьккхина, висина хIинца. Шайн ма хуьллу оьрсаша вай дойуш политика дIахьо, ткъа кхеран а ю бухбисна нохчий хIаллакбеш политика. Дала мукъалахь, иштта лаьттар дац хIара. Сайна бина тешнабехк а, ямартло а нахала йоккхур ю ас».

Музаев Сайхан Гуьржийчохь Дуиси олучу мIаьстойн юртахь ваьхна. Цунна, дийцарехь а доцуш, дукха дикадевза оцу нахера хьал. Цхьана а тайпа аьттонаш а ца беш, цхьалха беха уьш цигахь, бохуш дуьйцу цо.

Музаев: «Кхарна тIехь инзаре чIогIа болх бо. Кху нахах нах ца хилийта. ХIинца кхузара Шема дIаоьхуьйтуш бу кегий нах. Цигара могуш-маьрша цIа вагIахь, стаг шайна кхузахь лело атта волундела. Суна иза дика хууш ду хьуна. Вайнаш я дешарна тIеберзош а бац (интеграци олуш ду-кх цунах).

Я жаIуй аьлла хIума а дац, цхьанна а агIор садаккха буьтуш бац уьш. Тахана газ а, ток а, я некъ а бац цигахь. Итт чакхарма уллехь йолчу гуьржийн юьртахь газ ю, кхеран яц. Вайнах тамаше бу. Ас, схьадуьйла, вайга гуш лаьтташехь, юьйцург харцо ма ю, аьлча, ца баьхьа арабовла. Сан а гIуллакх хир ду аьлла а ца хета шайна боху».

Музаев Сайхан, шена тIехь ницкъахоша ечу гIелонна къарвала дагахь вац. Иза кхеттачу гуьржийн къайлахчу сервисан белхахоша, шена лечкъа а ца деш, кхерамаш туьйсу, боху цо.

Музаев: «аАс хIара къийсам болийначул тIаьхьа, суна массийттаза тIевеара кхеран къайлахчу сервисан белхахо. Оха тIепаза войъура ву хьо, бохуш, ша Оьрсийчохь санна, къамел до цо соьга. Делан Iожаллах вер вац, тхо Оьрсийчохь а, иштта атта дойуш ду. Со а вен а вей, шайна тIеязве, со къарлур вац, аьлла ас цаьрга. Вай бакъо Дала мукъалахь тIейоккхур ю, сан юьхьIьаржа хIоттий, корта охьатаIой хIума дац. Саакашвилис чIогIа бакъонаш йохайо, бохуш, вуьйцура кхара, амма хIинца лелормг - иза сийна цIе ю».

Гергарчу деношкахь йоккха, дика кечйина рогIера дуьхьалонан акци дIаяхьа дагахь ву Музаев Сайхан. Цу тIехь цунна накъосталла дийр ду цхьацца гуьржийн цхьанатохараллаша.

XS
SM
MD
LG