ТIекхочийла долу линкаш

Ахчанах - гIаланаш, гIаланех - хIур...


Оьрсийчоь – Соьман девальваци.

Оьрсийчоь – Соьман девальваци.

Доллучу а хIуман мехаш юха а бесташ бу Оьрсийчохь. Кисина диллал ахча долу нах йийбаре, гIирсе, кхачане дерзош, довчуьра доьхкина къелхьарадаккха гIерта шаьш шерашкахь гулдина кегий ахчанаш. Ткъа даккхий ахчанаш долучийн дац кхин тIех дан хIума а, кризисах бовдуш. Нохчийчуьра хьал ишта гира тхуна.

ТIекIалдиллина латточу ахчанан бараме хьаьжжина хIумнаш эцна бахархоша ахча хийцалуш ду аьлла хабар даржар бахьнехь. Ахча лардархьама тайп-тайпана машенаш эцар санехьа хеттарш дукха бу.

Цхьаболчара кирлело яккхий Камазаш ялийна, кхечара шишша-кхоккха « ГазелЬ» олу машенаш долаяьхна, дIайохка атта хир ду аьлла. Iаламат дукха бу дешига а, детига а, телевизаршка, кузанашка, ахчанаш дерзийнарш а. КIезиг масалш дац электро товараш духку туьканаш яссийна а.

Цхьаболчу совдегарша шайн долахь йолу Iар-дахарехь оьшу хIумнаш юхку туьканаш дIакъевлина тIедетталуш лаьтта мехаш цхьана хорше а дирзийна, церан кхиссадалар лахдаларе сатуьйсуш. Бахархошна уггар лазаме ду кхачанан сурсаташ даздалар. Дама, даьтта, картол, шекар, кху тIаьхьарчу иттех дийнахь 20-25 % дазделла.

«КIира хан бен яц ас кийланах 40 туьма а луш шекар эцна, хIинца 5 туьма доьху. Итт кийла чуйоьду ши тIоьрмиг эца еънера со йогIуш ба-м ца богIу. ХIара цхьа тIоьрмиг а, вукхунах даьтта а ,кхин кигмерза а хIума а ийци-кх ас». Теркйист кIоштан ЧIуьлга-Юьртан базаран кертахь ишта къамел деш яра цхьа эцархо. Ахча дарна кхоьруш бахархоша хIумнаш дIаэцарх дуьйцуш бу соьлжагIалахой Салман а, Хизар, Хатимат а.

Салман: «Ахча хийцало бохуш дукха хIума эцна наха, юха дIайохка дагахь. Мехашна тIаьхьа ца кхуьуш цхьайолу туьканаш дIа къийлина. Дац-дац бохуш Iийнарш гуча-м бевлла. Тукана чохь мел дерг дIа а эцна цунна тIе охьа-м хевшина хиндерг делехь ду».

Хизар: «Мехаш хьаладевддачхьана дуьйна ас дукха хIума ца эцна. Амма чай а,хIоьаш а, 20-25% мехаш тIекхеттий-м хаьа суна. Шайн ахча дан ца дайта бохуш схьаоьцуш бу-кх нах хIумнаш. Ахча дарна кхоьруш..Москвахь а бу боху ишта хIума схьаоьцуш..»

ХIатимат: «Тхан дешичас а эцна кхо машен,. Ахча дарна кхоьруш эцца-кх. Иттаннашкахь а машенаш оьцуш къаьхьаде деш бу-кх нах».

Кхана хIун хир ду те? Ахча хийцало бохург мел бакъ ду те? Нахе ахчанаш юкъадахийта Iедало леррина лело хилланаш-м дац техьа? Меллалц ирхъоьхур ду те мехаш? Цу а , кхечу а хеттарша сагатдо могIарерчу нехан. Бахархойн лазамех дуьйцуш ву Ленинан кIоштера ГIапур.

ГIапур: «ХIун хир ду кхана ца хууш саготта бу-кх нах. Мехаш хьалабевр бу, охьабевр бу, я ахча хийцалур ду? Кхана хIун хир ду ца хууш оьцу-кх наха хIумнаш. Ахча хийцало бохуш а дуьййу,банкера счеташ дIакъовлу а боху. Ахча дайдалар гуш мА ду. И дарна кхоьруш оьцу-кх кар мел еънарг».

Йохкаэцархоша а, наха а тоьшалла до тIехIоьттинарг махкахой садууш хала , ладегIаме мур хилар хьокъехь. Цу муьро карахь мел долчу ахчанах мукъабаьхна бахархой. Эца а а ца оьцуш хIума йисна а яц - машенаш, кибарчигаш, даьхний… Муст а лур дац, телхар а дац аьлла, миллионашкахь харжаш а еш, къаркъанаш а,чIагIарш а охьадехканарш а бац нохчашлахь кIезиг.

Бакъду, Нохчийчу дан ца хIуьттуш, цара уьш дIаIалашдина ХIирийн а,ГIебартойн-Балкхарийн а мехкашкахь. Маларх делларг шайн довр дац аьлла тешна бу «шаIтIанан хина» ахча хьажийнарш.

XS
SM
MD
LG