ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийчохь протесташ юьйлалур ю боху


Оьрсийчоьнан бахархой резабац Iедална. Иштта хаам бо Кудрин Алексей коьртехь волчу «Халкъан жигаралла» олучу юкъарраллерчу талламчаша.

Цара дина зераш довзуьйту РБК-агенталло. «Оьрсийчоьнан бахархойн политиках йолу дог-ойла» цIе йолчу рапортехь экономиста Дмитриев Михаила боху, кхуьуш ю халкъалахь оьгIазалла, хIинца иза йозу экономикан проблемашца. Халкъан къезиг бала кхочу политикан, ткъа экономика йожар гуламашкахь далхадан кечлуш бу нах, уьш ца теша Iедалх.

Дмитриевс бахарехь, тешам байна нехан партех, пачхьалкхо арахьарчу политикехь толамаш бахарх лаьцна официало дуьйцучух, дукхахберш реза бац Путин Владимира деношкахь шен пресс-конференцехь хеттаршна деллачу жоьпашна. Президентан гонехь бац дика политикаш, шен Путинан цIе а ю южуш, бац лараме политикаш я оппозицин могIарахь а, аьлла хета нахана – иштта яздо Кудрин Алексейн юкъараллерчу эксперташа а, социологаша а. Царна хетарехь, кестта протесташа гуламашка бохур бу Оьрсийчоьнан бахархой.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG