ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчо лачкъийна Москох


Бутт хьалха Москох болх лаха вахана Карсамов Мохьмад волу меттиг ца карайо Соьлжан кIоштан Аьхкинчу-Барзехь бехачу цуьнан гергарчарна. Цара хаамбарехь, массех де хьалха Москох ша дIатарвеллачу юкъарчу Iойлера дIавигина иза паспортан раж талла баьхкинчу полисхоша.

Иза волу меттиг ца хаьа я цIийнан комендантна а, я лулахошна. Ткъа Москох полицино шега телефон тоьхча даре ца дина, иза шена гина а, ша лаьцна а хиларх. ТIамехь дакъалацарна оьрсийн набахтешкахь хан а текхна, ши шо хьалха мукъаваьккхина ву Карсамов Мохьмад.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG