ТIекхочийла долу линкаш

Я Кадыров ца веша Путинах, я ший а ца веша нохчийн къомах


Нохчийчоь -- Путин Владимиран къамеле ладоьгIу Соьлж-ГIалин вахархочо, 18ГIу2014

Нохчийчоь -- Путин Владимиран къамеле ладоьгIу Соьлж-ГIалин вахархочо, 18ГIу2014

Путина пачхьалкхехь низам лардар массарна а тIехь ду а бохуш, кIелдIахула магадо Кадыровна нохчашца конституцино йоьхку харцо лелор, бохучу ойлане баьхкина дукха нах дахначу кIиранах Оьрсийчоьнан куьйгалхочо шен пресс-конференцехь къамел динчул тIаьхьа а нехан массех хIусам ницкъахоша хIаллакйича.

Нохчийчохь тIемалойн гергарчийн цIенош дохор хьокъехь официала Iорадоккхуш хIумма а дац, хIора денна а бохург санна уьш дохош делахь а. «Кавказан узел» агенталлехула бакъонашларьярхоша гIардаккхарца, хIусамаш йохайойтурш шаьш ду аьлла, Iедалдайша гIардоккхуш хIума а доцуш, тIеман барзакъ дуьйхинчу , муьлш бу ца хуучу наха, еза техника тIе а узуш, дIахьокхуш ду гIаттамхойн гергарчийн цIенош. Тахана церан терахь пхийттанне хьалакхаьчна.

Йохочу хIусамийн географи шорьеш, царех лаххаре а кхоъ лаьттаца дIашардина Оьрсийчоьнан президенто Путин Владимира кху беттан I8-чу дийнахь журналистийн хеттаршна жоьпаш луш, »цхьана а ден бакъо яц суьде кхаьчна дов а доцуш, шайггара таIзарш дан» аьлла , дуьненна а хезаш дIахьедар динчул тIаьхьа. Нехан цIенош шен лаам-омрица дIадохуш ду аьлла Iедало даре ца дахь а бахархоша тидарехь иза ишта ца хилча цхьа адам даьхьар дацара тхевнаш а, оганаш а дохош цIенош охьаата.

Телехьожийлехь гайта а гойтуш, цIенош дохоран мур дIаболош буьйцуш берш Соьлжа-гIалина тIелатар дина гIаттамхой бара, ткъа хIусмаш йохинчарлахь нийсса ах буй те аьлла, гIалахь хилла а боцчу тIемалойн гергарниш бу боху могIарерчу наха. Бехк боцчу нехан цIенош чудеттар сацо ша гуьнахь ца хилча, дуьненна а хезаш цу хьокъехь дIахьедар стенна дина те цо, хIумма а цахуург а хилла Iад ца Iаш, бохуш, цецбуьйлурш дукха бу.

Нийсонан а, бакъонан а да хилла, меттигера Iедал Путина низам лардаре кхайкхинчул тIаьхьа дохийначех ду Гуьмсан кIоштан Ишхой юьртарчу яхархочун Вадалова Масари цIа. Бакъонашларьярхоша билгал мА-даккхара иза тIемалойн баьччана Вадалов Асланбекан ненан цIа ду. Бахархоша а мукIарло до ВадаловгIеран цIа булдозарш олу хьалха чамеш болу яккхий тракторш а ялийна, кху гIуран беттан 21-чу дийнан буьйсанна дIахьаьккха бохуш.

И «бекхаман» болх дIаберззалц ницкъаллин структураша къевлина латтийна урам, стагга а герга ца вуьтуш. МогIарерчу бахархошна хетарехь Iедалан герзахоша цхьа цхьаъ аьттехьа а ца вуьтуш, и тайпа чIагIамаш бо цхьангге сурт ца даккхийта, къайлаха бен белхаш нахала ца бовлийта Iалашонца.

ХIокху беттан 20-чу дийнан буьйсанна Кошкалды эвлахь , Асланбек Шариповн цIарахчу урамехь аьтта дIадаьккхина тIемалочун Шабанов цIерачийн шолгIа цIа а. Бахархоша дийцарехь, шина агIор къевлина урам а долуш, сахиллалц баьхкина цигахь ницкъаллин структурийн декъашхой еттанчу кибарчигийн цIа дохо гIерташ.

Кху деношкахь хьахийна ма-хиллара Путина Владимира Оьрсийчоьнан низам лардар тIехь массарна а бохуш Москвахь къамел динчу I8-чу дийнан буса а дохийнера Кошкалдехь ШабановгIеран цхьа цIа. Схьагарехь, иза тоаме а ца хетта юхабахкийтина махкахойн синтем ларбан декхарийла болу Iедалан герзахой.

Бакъонан дайша чIагIдарца цхьайолу хIусамаш шолгIа а хIаллакьеш ю Iедалан векалша.Масала ишта меттиг нисйина цара Курчалойн кIоштан Гелдагана эвлахь. Цигахь кху беттан 12-чу дийнан буса хьаьккхина дIадаьккхина Вахаев Султана цIа, «Мемориалан» белхоша тидаме дилларца, кIант Адам гIаттамхойн могIаршкахь ву аьлла Вахаев Султанан хIусам ягийна дIаяьккхина хилла 20I0-чу шарахь а. Гергарчара а,бевза-безачара а гIо а деш, йина яьхначу хIусамийн хIинца шолгIа баьлла и къаьхьа кхаж боху юьртахоша а.

Гуш ма-хиллара , цIенош дохоран хьокъехь Путин Владимира хьажам а,йцунна хетарг а мухха делахь а, хIора а кIирнах бохург санна географи шор а еш, охьаотуш ду Нохчийчохь цIенош.

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG