ТIекхочийла долу линкаш

Къа Кремлан дац, халкъан ду...


Оьрсийчоь -- Москохарчу протестан гуламехь, 12ГIу2014

Оьрсийчоь -- Москохарчу протестан гуламехь, 12ГIу2014

Евробертан куьйгалхой Оьрсийчоьнна дуьхьаляьхна санкцеш гергарчу масех баттахь лахъян дагахь бац. Тайп-тайпанчу Европерчу тергамчаша цуьнца доьзна дийцаредо, санкцеша хьанна я стенна алсам тIеIаткъам бо- Кремлана я Оьрсийчоьнан могIара бахархошна?

Кремло а, цунна муьтIахьчу аналисташа а токхе къамелаш дора, Малхбузене Оьрсийчоь къарлур яц, Европа ша а мегар яц, Оьрсийчоьнаца экономикан зIенаш хедаяхь, кхин ца хуьлчу далахь Кремлан уггаре а дера герз – Малхбузенна газ йохкар сацадийр ду, тIаккха сонта Европа милла лийр ю, бохучу маьIнехь.

Амма, гуш ма-хиллара, масех бутт а балале оьрсийн сом цкъа а ца хиллачу кепара дайдуш дIадоьдуш ду, Оьрсийчоьнан могIарерчу бахархойн Iер-дахаран тIегIа къелле йоьрзуш ю, ткъа Европа тIедеъна Iа лаьтташехь, гIора а ца йи, я Оьрсийчоьнна хьалха гор а ца хIоьтти.

И санкцеш Малхбузено даханчу бIаьста юкъаяха йолочу хенахь Евробертан куьйгалло юх-юха а билгалдоккхура, и тайпа гIулч ца яьлла йоккхуш а ю, цхьана йоцачу ханна йоккхуш а ю, бохуш. Аьлча а, цара гуттар а некъ буьтура Оьрсийчоьнан куьйгаллина шен Украинера леламаш хийца а, дуьненаюкъарчу низамашна тIе юхадерза а. Амма цкъа а хенан дозанаш билгал ца дохура – мацалца? Мас баттана я шарана бохург хьаха а ца деш.

Цу хьоло Малхбузенан Оьрсийчоьнна дуьхьал долу гIуданаш ма-тов дахдан а, чIагIдан а аьтто ло. Карарчу хенахь хIоьттинчу суртаца, уьш юхаяхар я малйар, мел кIезга а, бIаьсте яллалц ур-аталла дийцаре дан дагахь бац Евробарт. Ткъа бIаьсте ялале оьрсийн экономикана кхин а мел даккхий зенаш хила там бу бохучунна шайхалла дан цхьа а ца хIутту. ХIунда аьлча, политолога Чапханов Руслана дийцарехь, санкцех доьзна а ца Iаш, иштта а яккхий халонаш яра цу пачхьалкхан коьрта концернашна хьалха тIаьхьарчу хенахь лаьтташ, масала, шайн техникаллин хазна хийца тоххарехь хийца езаш хиларца доьзна.

Чапханов: „Москохарчу биржин акцийн мехаш лахлуш схьабогIуш бу. Оьрсийчоьнан банкийн сектор Iамеркерчу а, Европерчу а финансех вуно чIогIа йозуш ю. Цул совнаха, оьрсийн концернийн Роснефтан а, Газпроман а, санкцеш ца хилча а, яккхий проблемаш IаьIна. Масала, церан гIирманаш тишйелла ю, уьш керлачаьрца кесталгIа хийцаеза, амма цу гIулкхана оьшуш йолу технологеш церан шайн яц, Малхбузера ца ецча“.

Малхбузенан куьйгалхой Оьрсийчоьнна дуьхьал долу гIуданаш лахдар цкъачунна кийча бацахь а, Европерчу юкъараллашкахь а, аналистийн гуонашкахь а жигар дIайоьлхуш ю цу гIуданашна гуонахьа йолу дискусси.

Тергамхой шина декъе бекъабелла ала мегар ду: цхьана агIор, Кремлана кхин дIа а санкцешца гIуданаш дан деза, уьш лахйан я юхаяха маггане а мегар дац, аьлла хеташ берш бу, ткъа вукху агIор, санкцешах уггаре а хьалха зенаш ловш берш бехк-гуьнахь а боцу могIарера бахархой бу, ткъа цул совнаха, европахошна шаьшна а хуьлу Оьрсийчоьнца экономикан дов лелорах даккхий зенаш, цундела уьш сихонца юхалиста еза аьлла хеташ берш бу.

Цу шозлагIчу тобанна юккъехь берш, кхеташ ма-хиллара, доккхачу декъехь Европерчу бизнес-гуонийн векалш бу, ма-дарра аьлча, генарчу Оьрсийчоьнан санкцеша а, сом дайдаларо а гIело еш болчу могIарерчу нахаца кIезга бала а болуш, амма шайн концернашна и санкцеш бахьана долуш хуьлучу зенийн гIайгIа берш.

Масала, немцойн экономикан Малхбален комитетан куьйгалхо Кордес Экхард, шен Путин Владимирца доттагIаллечу юкъаметтигашца вевзаш волу. „Малхбузено Оьрсийчоьнна шен ницкъ гайта оьшуш хьал хIоьттинера. Цуо и ницкъа гайта а гайти. Амма хIинца вай мукIарло дан деза, ницкъа юха а баьккхина, дагадовларийн шуьне вай Оьрсийчоьнца ховша дезаш хилар“ - цу кепарчу дIахьедаршца юх-юха а немцойн телевизоне хуьйшу иза.

Иза кхеташ а ду. ХIунда аьлча, санкцеш а, мехкадаьттан мах лахбалар а бахьана долуш хIоьттина кризис бахьана долуш дуккхаъ Малхбузера яккхий концернаш миллионашкахь зенаш ловш ю Оьрсийчохь. Масала, машенаш яран концернаш. Царех дукхахчара тоххарехь шайн цу махкара конвейерш сацош дезна бохуш дуьйцу Чапханов Руслана.

Чапханов: „Цхьаццайолу машенаш, уггаре а хьалха гуттар а езох ерш а йоцуш, юкъерчу классо оьцуш йолу, аьр вай, миллион герга сом мах болуш йолу, уьш хIинца оьцуш кIезга нах бу, уьш йохкар йоццачу хенахь 30 процентана лахделла, кхин дIа лахлуш а ду. Масала, Форд концерно ша Оьрсийчохь машенаш еш йолу конвейер сацийна, машенаш цхьана шарана сов йина лаьтташ ю салонаш юьззина лаьтташ ю уьш“.

Карарчу хенахь цхьана Германера 300 сов фирма ю Оьрсийчохь бизнес лелош. Царех доккхачу декъо хIинцале а дIахьедар дина, шаьш шайн белхахойн цхьа дакъа балхара ца дохийча дер дац, хьал иштта дIадодахь, аьлла. Амма бизнес-гуоний векалш мел латкъамаш бахь а, Евробертан куьйгалхой цкъачунна санкцийн некъа тIера бовла дагахь бац. Немцойн канцлера Меркел Ангелас кху деношкаь рогIера билгалдаьккхира, санкцеш хазхета юккъеяьхна яц, церан шайн цхьа бахьанаш дара. И бахьанаш дIадовлалц, санкцеш а дIайохур ю бохург бакъ дац, аьлла.

XS
SM
MD
LG