ТIекхочийла долу линкаш

Барт ца хилла Украинанний, Денбассерчу сепаратистийнний


Беларусехь дуьйладелла машаран дийцарш барт язбарца дерзаре сатуьйсура Киево. Амма Украинанний, цигарчу оьрсийн сепаратистийнний, Оьрсийчоьннанний, Европерчу кхерамзаллин организацинний пIераскандийнан цхьаьнакхетар жамIа доцуш дирзина Минскехь.

Ткъа ши де хьалха тIеман хьолехь йолчу шина агIоно бартбира лецнарш дIахеца. Украина резахилла сепаратисташа лаьцна латточу шен 125 эскархочунна дуьхьал цаьрга церан 225 герзахо дIавала. Цхьаболчу хаамашца, лецнарш хуьйцур бу тIедогIучу шинарийдийнахь.

XS
SM
MD
LG