ТIекхочийла долу линкаш

Аьрга-Хишкахь полицех летта велларг ву Лулаев


Еарийдийнахь Аьрга-Хишкахь (Серноводскехь) ницкъахоша дIаяьхьначу операцехь вийначун Iедало цIе йоккхуш яц. Амма Маршо Радион хьостанаша хаам барехь, вийнарг ву меттигера жима стаг Лулаев. Цо полицина герз тоьхча йолаелла операци аьлла баржийна хаам а харцбо тхан тешаша – гIаттамхойн, шина вешин да, Лулаев Руслан, вехачу куьпахь паспорташ толллу аьлла арабевлла, кхаьчна полисхой тIемало шен цIахь нисвеллаче. Цаьрца тIом бина велла иза. Полисхоша дагийна ЛулаевгIеран цIа, хаамбо Маршо Радион хьостанаша.

XS
SM
MD
LG