ТIекхочийла долу линкаш

ХIунда дагийна Швецехь маьждиг?


Швеци -- маьждигна латийна цIе йойуш, Эскильтун, 25ГIу2014

Швеци -- маьждигна латийна цIе йойуш, Эскильтун, 25ГIу2014

Керста наха 1иса-пайхамар вар даздечу еарийдийнахь Швецехь маьждиг дагийна цхьана зуламхоша. Пхеа стагана чевнаш йинчу цу талорна бехкенарш х1инца а каронза бу, амма хиламо гойту, бехке Европехь даьржаш долчу ислам-дине гамо юйла.

Эскильстун гIалин полицин векал волчу Францелл Ларса хаамийн гIирсашка динчу дIахьедарца, масех гIат долчу цIийнан хьалхарчу гIатта дехь динчу маьждиган корехула чу зуламхоша оьккхуйтург чохь йолу шиша кхоьссинера. Оцу сохьта яьллачу цIаро ламазан чоь алунех юьзнера, ткъа ламазна гулбеллачех пхеа стагана чевнаш а йинера.

И зулам динарш полицина цкъачунна гучубевлла бац, делахь а Iедалхойн шеко яц, цу талорна тIехьа лаьтташ берш ислам динна гома болу ницкъаш хиларехь а, и зулам Швецехь а, йоллучу Европехь даьржачу бусулбчаьрца цабезаман а, царех кхераран а хьарк хиларехь а.

Хууш ма-хиллара, Швеци кхечу Европерчу пачхьалкхашца дуьстича, шен мигранташца вуно схьайиллинчу а, либералечу а политикца къаьсташ ю. „Интерграцин политикан индекс“ цIе йолчу талламашкахь, хIора шарахь 25 Европерчу пачхьалкхашкахь мигрантийн хьал муха ду толлуш болчу, Швецино масех шарахь тIекIел хьалхара меттиг боккхуш бу, тIебаьхкинчу нахаца Iедалша лелочу юкъаметтигашкахь.

Цигахь мигранташна Европехь уггаре а тоьлла хьелаш кхоьллина Iедало, еххачу ханна цу махкахь дIатарбала а, болх карон а, юкъараллин дакъа а хилла баха а. Амма тIаьхьарчу шерашкахь, Швецерчу бусулбачийн Кхеташонан куьйгалхочуо Мустафа Iумара дийцарехь, цу махкахь бусулбачу нахе цабезам алсам болуш бу.

Бакъду, и гIайгIане тенденци – бусулбачу нахе а, ислам дине а гамо юкъараллехь алсам ялар цхьана Швецин башхалла хилла ца Iа. Йоллучу Европехь а ду и тайпа сурт ган йиш йолуш. Масех бутт хьалха Берлинерчу цхьаьна маьждигах цIе тасса гIоьртира муьлш бу ца хуурш.

ХьастагIа Венехь бусулба ишкол схьаелла Iалашонца юттучу цхьаьна гIишлонан уьйтIа хьакхин корта биллинера цабевзачара. Францехь а, Италехь а, Белгехь а кест-кеста хеза, урамашкахь хиджабаш йоьххначу бусулба зударшна меттигерчу нахех болчу вуолелароша сардамаш даьхна бохуш. Интернет машанахь бусулбачеран агIор язйеш йолу гамонан постингаша-м ягарйина а вер вац.

ХIора а и тайпа зулам Iедалхоша цхьа а кIедалла а ца гойтуш, талла дезаш а, бехкенарш жоьпе озон безаш а хилар билгалдоккху вевзаш волчу Австрерчу бусулба дин талларан профессора Аслан Iаднана. Цуьнца цхьаьна амма цуо билгалдоккху, Европехь бехачу бусулбанаша а шайн лелар а, шайн Iадаташ а, шаьшна Iемина-марзделларг а хийца дезаш хилар. ХIунда аьлча европахойн кхетамашкахь и таханлераниг санна долу раздаьлла бусулба динан васт кхолладаларна цхьана доккхачу декъана шаьш бусулба нах а бу бехке.

Аслан Iаднан: „Нагахь санна вайна бакъ долу ислам дин европахошна гайта хаахь, боккъал а вайн Пайхамаран, Делера салам хуьйла цунна, Iадатехь иза хила дезаш ма-хиллара, тIаккха цхьа а стаг кхоьрур вац бусулба динах. Тахана вай нахана гойтуш долчу Исламах-м со а кхоьру, сан доьзал а кхоьру. Цундела боху ас: кхузахь исламофоби яц, муслимофоби ю. ХIунда аьлча, вай хIинцалца схьа европахошна гайтина дац ислам дин шен Пайхамаран гIиллакхашца а, Iатадашца а.

Вай и вайн дин ма-дарра дIагайтича, тIаккха и вайн дин дезар ду массарна а. ХIунда аьлча бакъдолу бусулба дин – иза юкъаралла кхиарехь дакъалоцуш ду. Иза юкъаралла шен кхиамашкахь совйоккхуш дин ду. Иза зовкха бу юкъараллина. Иза Iилма ду, кхиар а ду. Маршо а ю. Цундела бу вайна тахана хьалха лаьтташ боккха болх - бусулба динан бакъйолу юхь нахана дIагайтар, и юхь гучуяккхар.

Вайн ондачу, хазачу Iадаташна тIе а тевжаш, вайн заманан хьашташ а, хьелаш а тидаме а оьцуш, иза кхин дIа а кхиор. Кху вай дехачу юкъараллашка схьакхача дезаш ду вай, ваьш схьакхаьчнийла а хууш. „Хьовсийша, аьлла, юкъараллийна дIа а гойтуш, - тхо кхузахь ду, тхо схьакхаьчна, тхо кху юкъараллин цхьа дакъа ду“, аьлла. Цунах дозуш ду вайн Европехь хиндерг а.

Вай Iама деза ваьш вайга хеттарш дан а, вайн леламашна рефлекци ян. Вайн цхьаццадолчу Iадаташка хеттарш дан. Масала, вайн динца ду бохуш вай хIинцалца тIеэцна хилла зударшца йолу юкъаметтигаш хеттамашка яхка. Я вайн теологин хеттаршца тергалйан. Жоьпалле хила Iама деза вай“.

Вайн заманахь, бусулба нах, бусулба пачхьалкхе боху дешнаш дIо Шемахь а, Иракъехь а бусулба дин сийсаз деш, ша шех Бусулба пачхьалкхе а, Халифат а аьлла цIе а тиллина, дуьне а Iададо къизаллаш а лелош, уьш дозаллийца видеофилмашца интернетехула яржа а еш, лелачу тобанца цхьаьнадозаделла даьлчу хенахь, бусулбачийн вуно дукха къахьега дезар ду, шайн цIе а, шайн динах болу кхетамаш а уьш хила безачу тIегIане юхаберзо, аьлла тешна ву профессор Аслан.

ХIинцалца схьа иттанаш шерашкахь шаьш шайна цхьа гетто тайпа йолу кIошташ а кхуллуш, вовшашлахь бен уьйраш а йоцуш, ткъа бухарчу юкъараллийца дIаэн а, цаьрца дика а, вуон лелон а ца лууш бIеннаш эзарнаш бусулба нах Iийнехь, хIинца цу тайпанчу дахаран кепана меттиг ца бисна Европехь, аьлла хета цунна. И дахаран кеп шен орамехь дуьйна харц а, шаьшна бусулбачарна хазнесанна зенехь а хилар тиламе эцча-м муххале а.

XS
SM
MD
LG