ТIекхочийла долу линкаш

Адам а, дуьне а дезаш стаг вара Дикаев Мохьмад...


Нохчийн поэт Дикаев Мохьмад (1941-1979)

Нохчийн поэт Дикаев Мохьмад (1941-1979)

Ткъе пхийтта,шовзткъа шо хьалхалерчу студенташна вуно чIогIа дагавогIу шайн башха хьехархо, исбаьхьчу дешан говзанча, тIех похIме нохчийн сийлахь байтанча Дикаев Мохьмад.

Дикаев Мохьмад а, цуьнан шатайпаналла а, дагах ца кхеташ йиса амал доцу цуьнан байталла а дика дагайогIу I970 –чу шерашкахь нохчийн пачхьалкхан университетехь вайнехан филологин факультетехь дешначу мехкаршна а, кIенташна а.

Царна, карарчу хенахь махкахь дика бевзачу яздархошна а, Iилманчашна а, тахана а цуьнан аз лерехь декаш бехачу могIарерчу хьехархошна а, бахархошна а мерза кхаъ бу дагалецамехь и карлавалар, цуьнан байташ тIехь мукъаме яьккхина эшар хазар.

Халкъан яздархочо, «СтелаIад» журналан коьртачу редактаро Бексултанов Мусас иштта дагалоьцу Дикаевн сирла васт. «Суна ишта ган а го иза тахана а- лохочу дегIахь,кIора санна Iаьржа месаш а йолуш, кортал аркъал туьйсуш, динбекъа санна, ойла гIаьттина, шен шерех, заманах, къоналлех воккхавеш, цеце, кура уьдучу бIаьргаш чохь велар а къегаш.

Иза Iа ганза Iахар бара, гуьйренан йис а хьашаза, массарна везаш,вевзаш, массара а хестош. Иза кхин дукха а ца вехира. Со ца кхийтира, цунна хIун хилира я иза стенна вийра а. Цхьана хIуманах Iеха а велла,юха цунах кхета а кхетта, дала орца а доцуш, хIаллакьхиллачух тера дара иза…»

Бексултанов Мусас ма-баххара, кхачо йоллуш кхетоза долчу бахьаненна Дикаев Мохьмада хIара харц дуьне дитанехь а, яха йисна нохчаллех, Даймахках,вайнехан баланаш карлабоху байташ:

Вайн халкъан стогалла хасто со гIаьттина,

Цо хьегна баланаш сан дагна Iаьткъина.

ТIеман теш хиллачу лаьмнашка хаьттича,

Бакъдолчу дешнаша со кураваьккхира.

«Маршонан аз декош , нохчийн къам лаьттина,

ПаргIато къийсарехь, йоккха цIе яьккхина.

Цхьана буйна хоъал бен дац иза лаьтта тIехь.

Цуьнгара мохк, гIиллакх, цхьаммо ца даьккхина».

Со винчу лаьмнаша соьга кхаъ баьккхира.

Нохчийн къам дохадарца а дузуш, вуно говза аьлла Дикаев Мохьмадан кхоллараллех ша санна исбаьхьаллин дешан къайле яьстинарш дукха боцчарех волчу Бисултанов Аптис.

Цо яздо говаьллачу поэтах : « Дикаев Мохьмад нохчийн халкъ цIа дерзочу, деллачуьра денлучу, юхаметтахIуттучу муьро цIе яьккхина поэт вара. Баккхий нах, зударий, бераш, вокзалашкахь лаьттана барташ а дохуш, доьхучу дийнахь, шайн хиллачу кхерчийн херцаршлахь наноша аганан кохкарш лоьхучу дийнахь, коьрта тIехь тхов бале хьалха дайша шайн беллачийн кешнийн баьрзнаш цIандечу дийнахь кхолладелла дара цуьнан а, цуьнан чкъуран а иллеш.

Дикаев Мохьмада шен дуьххьарлерачу стихашкахь Даймохк хестабора, Даймехкан аз хезна цIа догIучу шен декъазчу халкъана юха а цуьнан ирс кхузахь бен дац бохург дIакхайкхош:

«Нехан махкахь Iалур доцуш,ломан кийрахь сан дог ма ду:

ТIемаш доцу леча санна, Даймохк боцург ма гIийла ву…»

Тамаше ду аьлла ца хета яздархошна мух-мухха а воцу шайн воккхах волу накъост, хьехамча, исбаьхьаллин дешан эла дагавар. Иза дагавогIу могIарерчу нахана а. I979 шарахь университет чекхъяьккхина ву цIера Теркйист кIоштан Лаха Неврера Махметов Хьалим.

Хьехархочун корматалла хиллехь а, Къилбехь, шийлачу мехкашкахь, газ, мехкадаьтта даккхарехь къахьегна ву Хьалим. Бакъду, цунна виц ца велла шен мацах-мацах хьехархо хилла Дикаев Мохьмад. Махметов ву дуьйцуш.

Махметов Хьалим: «60-чу шерашкахь шатайпа цхьа седа санна, къага а къегина, седа санна стигалан Iаьрчашкахь цхьа могIа дIабехьира цо. Цуьнан стихаш даима а екаш яра мукъаме а яьхна. Гуттар а локхуш яра «Ленинградехь кхиъна йоI», «Тхан юьртахь тийна ду», «Хьо мичахь кхиъна,хьо мичахь яьхна йоI»… Вайнехан ю хьо я оьрсийн йоI ю хьо? ГIебарто ю хьо я хIирийн йоI ю хьо…».

Цо, цхьа а конспект а.тетрад а доцуш, хаддаза йоьшур-кх байташ. Инзаре доккха хIума дар-кх оццул дукха байташ дагахь хаар. Энциклопеди яра-кх. Гаргол бекча а цхьанне а аравала ца лаьра-кх цуьнга ладогIархьама. Уггар со ца кхеташ дерг- уьйр яцара-кх нохчийн литературехь болчеран. Цхьа шатайпа хаамаш дIабалхо а,дIакхайкхо а го безара цунна. И го цуьнан бацара. Ша вара иза, ша…»

Яздархой,Iилманчаш, кхиболу кхоллараллин нах а боцуш, Махметов Хьалимана санна болчу могIарерчу нахана Дикаев Мохьмад а,цуьнан кхолларалла а даггара езаш хиларан къеггина масал ду аьлла хетта сийлахьчу байтанчина лерина Махметов Хьалима язйина хIара байт. Цуьнца доьрзуьйту ас къамел а.

ЦIенчу дагна лаац вицван хьо , уьду вуно чехка шеран заманаш.

Юьту цара генарчу дахкарлахь, вай цхьана яьхна цхьа хаза суьйренаш.

ХIинцца хьо вистхилча санна, лерехь дека хьан гIоргIа аз,

Мел чIогIа, мел чIогIа езара хьуна хьо вина, кхиийна, хьоме Кавказ!.

Везара хьуна сийлахь Пушкин, Лермонтов, ма вита цхьа сагатдан!

Церан стихаш хаьара ерриг дагахь, цаьрца дог а, ойла а яра хьан!

Нохчо ву со,ву со Кавказан кIант! Доггаха, дозаллица олура ахьа.

Мер вай,мер вай вешан хьалхара кад! Даймахкана тIера ,хуьлда иза маьрша!

XS
SM
MD
LG