ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Бакохара Маршо Радион дакъа дIакъевлина Азербайджано


ПIераскандийнахь Бакох Маршо Радион бюро, чуьра белхахой ара а бохуш, аьхкина, дIакъевлинчул тIаьхьа, журналисташ лебеш, шайна тIекхойкхуш хьийза Азербайджанан ницкъахой, прокуратура. Шайна цкъачунна адвокат вацарна, тIебаха дуьхьалбевлла цхьаболу журналисташ.

Шайн шахьарахь кхечу пачхьалкхо кхобу хаамийн гIирсаш ца бита лерина ю Азербайджан. Ткъа Маршо Радио Iамеркан Штаташа лучу ахчанца еха. Карарчу ханна 15 журналист ву Азербайджанехь лаьцна кхобуш, шайлахь Маршо Радион корреспондент Исмаилова Хадижа а йолуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG