ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Iамеркана оьгIазвахна Азербайджанан Iедалхо


Iамерка «баккъалла а болу ницкъ баран а, коррупцин а, нах лийцаран а даймохк бу» аьлла дIахьедар дина Азербайджанан президентан администрацин куьйгалхочьунан когаметто Маммадов Новруза. Иза цо яздина шен Твиттерехь йолчу агIон тIехь.

Маммадов оьгIазвахийтинарг ду Азербайджанан Iедалша Бакохара Маршо Радион бюро дIа а чIаьгIна цигарчу белхалойн хIусамашка хьежар бахьана долуш Iамеркин векло критика яр.

Кху беттан 27-чу дийнахь Iамеркин ОБСЕ-хь волчу векло Баер Даниэла Твиттерехь яздинера, Iамерко латтош йолчу Маршо Радион Бакоха бюро дIачIагIар «ледарло гайтар а, Азербайджанан Iедалш шайх бIобулуш ца хилара, коррупци лелош хилар гайтар а ду аьлла. Бакохахь талламхоша левина Маршо Радион 10 белхахо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG