ТIекхочийла долу линкаш

Арахь яккха хан тоьхна Навальныйна


Москох Замоскворецкий кIоштан суьдо арахь даккха кхо шо хан кхайкхийна оппозицин жигархочунна Навальный Алексейна. Цуьнан вешина Олегана 3 шо тоьхна набахтехь даккха. Царна бехке диллинарг ду «Ив Роше» цIе йолчу компанин ахча лачкъор. Шена йина кхел хила мегачерех уггаре а ямартан ю аьлла дIахьедар дина Навальныйс.

Цунна хетарехь, шайн дуьхьалончаш хIаллак бан гIерташ ду Iедалш. Цара тIеIаткъам бо оппозицин декъашхошна, церан гергара нах а хьийзош аьлла хета Оьрсийчура уггаре а вевзаш волчу оппозицин жигархочунна. Москох ХIелсинкин тобан куьйгалхочо Алексеева Людмилас дIахьедар дина, цхьа а бахьана дацара вежаршна НавальныйгIарна арахь яккха а, я набахтехь яккха а хенаш тоха аьлла.

XS
SM
MD
LG