ТIекхочийла долу линкаш

Керла шо тIекхачарца боьзна видеокхайкхам бина Путина


«Оьрсийчоьно ГIирма юхаерзор мехала мур бу Оьрсийчоьнан исторехь" аьлла дIахьедар дина президенто Путин Владимира керла шо тIекхачар хьокъехь телевизионехула вистхуьлуш. Цул сов, цо элира махкана хьалха лаьтташ долу декхарш кхочуш даран эвсаралла йозуш ю хIора вахархочуьнах аьлла.

Уггаре а хьалха президентан видеокхайкхам гира Керла шо даздеш болчу Камчаткин бахархошна. Путин къамел деш цунна тIехьа яцара Спасская олу Кремлан бIов. Цунна реконструкци еш ю, гонах аннаш а тоьхна. Оьрсийчоьнан президентана тIехьа кху шара гуш ю буьйсанна яьккхина йолу Москохан центр – Кремл а, тIайш а, хинйистош а.

XS
SM
MD
LG