ТIекхочийла долу линкаш

Малайзин кема дохаран бахьанаш толлуш бу говзанчаш


AirAsia Малайзин компанин кема хIодд чу доьжна, дийна а долуш. Иштта жамI дина эксперташа, цу кеманна тIехь болчу нехан духаре а хьаьжна. Царна тIера хIуманаш этIийна а яц, ткъа царах цхьаъ кхиийна хилла кIелхьарвоккху жилет тIейоха. Цу гIуллакхо тоьшалла до лайнер дохаран бахьана цIеххьана иза меллаш даьлла хилла хилар бохучунна.

Цкъачунна кхеташ дац пилоташ бохам хиларан сигнал ца яларан бахьана. Индонезера Сингапуре доьдуш долу А-320-200 олуш долу аэробус радарийн экранашна тIера дайра тIемадаьлла 40 минот яьлча даханчу КIирандийнахь. Цунна тIехь вара 162 стаг. Уьш дукхах берш Индонезин махкахой бу.

XS
SM
MD
LG