ТIекхочийла долу линкаш

Еврозонина юкъаяхана Литва


Дечкен-беттан хьлхарчу дийнахь дуьйна Европерчу валютана тIеяьлла Литва. Цу пачхьалкхехь вехаш ву 3 миллион ах миллион стаг. Литван куьйгалхой сатесна бу еврозонах дIакхетаро дикачу агIор Iаткъам бийр бу шайн пачхьалкхана аьлла.

Литван бахархойн аьтто хилира шайн еврош дохка керла шо тIекхачарца. Литван президенто Грибаускайте Даляс дIахьедар дина, еврозонана юкъаяхар мехала гIулч ю шайн пачхьалкхо яьккхинарг, Малхбузенца экономикан а, политикан а интеграци ярехь аьлла.

XS
SM
MD
LG