ТIекхочийла долу линкаш

Украинин Iедалш дIакъовла дагахь ду "Интер"


Украинин телевизионехула а, радиохула а йолчу къоман комитето толлур ду Керлачу шаранна хьажийна эфир гойтуш лардина "Интер" телеканало низам, я дохийна бохург. Цу хьокъехь кхеташо хир ю кху беттан 15-чу дийнахь.

Хьалхо Украинин къоман кхерамазаллин кхеташонан секретаро Турчинов Александр дIахьедар динера, «Интер» телекомпани дIакъовла еза Украинина дуьхьал болчу Оьрсийчура артисташа (Кобзон, Валерия) дакъа а лоцуш самукъадоккху программа гайтарна аьлла.

Украинин вице-премьеро, културан министро Кириленко Вячеслава хаам бина министрийн кабинете Оьрсийчоьнан пропаганда гойтуш долу телеканалаш дIачIагIа аьлла дехар дан дагахь ду шаьш аьлла. "Интер" телеканалан куьйгалхошна хетарехь, царна бехк биллар бух болуш дац. Иза политикан Iаткъам бар ду аьлла хета царна.

XS
SM
MD
LG