ТIекхочийла долу линкаш

Ша шена тоьхна велла Марий Элан коьрта полисхо


Марий Эл респуубликан чоьхьарчу гIуллакхийн министр инарла Бучнев Вячеслав валар хьокъехь таллам болийна талламан комитето. Интерфаксо дийцарехь, Бучневс ша шена тапча тоьхна хила мега. ГIуран-беттан 26-чу дийнахь дуьйна балхара садоIуш хилла Марий Эл республикан чоьхьарчу гIуллакхийн министр.

Амма юкъа-кара балха воьдуш хилла иза. Ткъа Шоьтан дийнахь, Бучнев шен кабинетан чохь а волуш, цуьнан секретарна хезна герз долуш. Цул тIаьхьа шен хьаькам велла карийна цунна.

Бучнев Вячеславан 55 шо хилла. Марий Эл республикан Чоьхьарчу гIуллакхийн урахаллан коьрте хIоьттинера иза 2011-чу шарахь. Цул хьалха 7 шарахь иза полицин куьйгалхо вара Кирован кIоштахь.

XS
SM
MD
LG