ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

170 гергга стаг лаьцна дIавигина «Исламан пачхьалкх» олучу тобанан тIемалоша


170 гергга стаг лаьцна дIавигина Иракъан Къилбаседехь йолчу кIошташкара «Исламан пачхьалкх» олучу тобанан тIемалоша. Царна бехке диллина цу организацин байракх ягор. Иракъан кхерамазаллин кхеташонан векалша бинчу хаамца, закъалтхой дIабигина Хавиджа олучу гIала 30 сов машен тIехь.

"Исламан пачхьалкх" тобанерчу наха адамаш лоьцуш Iедал ду шаьш дIалаьцначу территорина тIехь дуьхьалонан болам охьатаIо. Иштта стохка Гезгмашин-баттахь Киркукехь цара лаьцна дIавигира 50 гергга стаг, шайна, байракх а ягош, дуьхьало йина аьлла.

Кхин а ши кIира даьлча дуьхьалонан тоба кхоьллина аьлла цара лаьцна дIавигира кхин а 20 стаг. Кху тIаьхьарчу масийтта баттахь Шемахь а, Иракъехь а эзарнаш адамаш дайина цу наха.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG