ТIекхочийла долу линкаш

Оьрсийчура гIо кхаьчна Украинерчу сепаратисташна


Оьрсийчура гIо кхаьчна Украинин малхбалерчу сепратисташна. Цунах лаьцна Шоьтан дийнахь хаам бина Украинин кхерамазаллин кхеташонан векло Лысенко Андрейс, шайн талламан сервисана тIе а тевжаш. Цо дийцарехь, Донецкера а, Луганскера а сепаратисташ цхьа центр кхолла гIерташ бу шайн тIеман тобанашна куьйгалла дан.

Цу хеннахь, хаамийн гIирсаш дийцарехь, Донбассера дов дIадерзорах лаьцна хаттарш дийцаре дан кху беттан 7-чу дийнахь Лондонехь цхьаьнакхета дагахь ю Германин Канцлер Меркел Ангела а, Британин премьер-министр Кэмерон Дэвид а. ББС бинчу хаамца, Меркела а, Кэмерона а цул сов дийцаре дийр ду Европан а, дуьненаюкъаран а политикан хаттарш а, Мангал-баттахь Баварехь хир йолчу Джи-7 олучу саммитана кечам бар а.

ПIераскана дийнахь Оьрсийчоьнан а, Германин а, Францин а, Украинин а арахьарачу гIуллакхийн министрша телефонехула дийцаре дира Украинера конфликт дIаерзоран некъаш. ХIара кIира долалуш Украинин президенто Порошенко Петрос дIахьедар дира кху беттан 15-чу дийнахь Казахстанехь Астанахь цхьаьнакхета барт бина шаьш Оьрчийчоьнан а, Германин а, Францин а лидершца аьлла.

XS
SM
MD
LG