ТIекхочийла долу линкаш

Оппозиционеран жайно дарбина гIиргIазойн куьйгалхой


Шен даймахкал арахьа вехачу оппозиционеран Джапаров Садиран «10 шо политикехь» цIе а йолуш, арадаккха кечдечу жайно оьгIазбахийтина ГIиргIазойчоьнан куьйгалхой.

«Ата-Йурт» («Даймохк») цIе йолчу партера пачхьалкхан парламентехь депутат лаьттинчу Джапаровс ша леладечу зуламех лаьцна яздинарг бакъдац аьлла дIахьедина Иссык-Кулан губернатора Каптагаев Эмилбека. Нагахь санна жайна зорбане далахь, ша кхеле арздийр ду авторна боху цо.

Каарачу хенахь Полшехь веха Джапаров Садир. Iедал карчо воллу аьлла, иза а, «Ата-Йурт» партин кхин ши лидер, Ташиев а, Мамытов а, лецира стохка бIаьста. 12-18 беттанаш хенаш туьйхира царна. Нах, цаьрца Iедало харцо лелайо аьлла, гуламашка бевлча, набахтера арабовлийтира уьш.

Жайни тIехь буьйцучу хьаькамийн куьйган цIаналла толлур ю, аьлла дIахьедина дукха хан йоццуш ГIиргIазойчоьнан инарла прокуроран даржера ша хийццале Баиболов Кхубатбека.

XS
SM
MD
LG