ТIекхочийла долу линкаш

Царнаев ЖовхIарна бехкькъасторхой гулбеш ю кхел


Оршотдийнахь Царнаев ЖовхIаран дов листа кхелкъасторхой гулбеш яра Iамеркарчу Бостон-гIалин кхел. И мур массех кIиранна бахлур бу, гарехь. 1200 стагна юкъара къасто веза 12. Цара билгалдоккхур ду мел бехке ву нохчийн мухIажир Царнаев 2013-чу шарахь, Бостонехь марафон йоьдуш, ши эккхийтар дарна а, 260 стаг а лазош, кхоъ спортхо а, цул тIаьхьа цхьа полисхо а верна а.

Прокурораша чIагIдарехь, ЖовхIар а, полицино лоцуш вийна цуьнан воккхахволу ваша Тамерлан а вуьззина бехке ву лелхийтарш дарна. Нагахь санна Царнаев ЖовхIар бехкевахь, Iедалан цIарх вен кхачо тарло иза.

XS
SM
MD
LG