ТIекхочийла долу линкаш

Кремлах доглозу куьйгалхой а бу Европехь


Москох - Францин а, Оьрсийчоьнан а президенташ Олланд Франсуа а, Путин Владимир а Внуково аэропортехь. 6ГIу2014

Москох - Францин а, Оьрсийчоьнан а президенташ Олланд Франсуа а, Путин Владимир а Внуково аэропортехь. 6ГIу2014

Оршот дийнахь Францерчу Интер радиостанцин белхахошца ша къамел деш цу пачхьалкхан президента Олланд Франсуас дIахьедарш дина, Европин куьйгаллехь болчу нехан Оьрсийчоьнца юкъаметтигашка болу хьежамаш мел бен-бен бу а, амма уггаре а хьалха цхьаццаболчу Малхбузерчу тIеIаткъамечу политикашна демократи я адамийн бакъонаш я дуьненаюкъара низамаш – уьш еккъа цхьа риторика бен йоцийла, бакъдолчехь царна шайн экономикан интересаш а, шайна хуьлуш йолу са а мехалох юйла гойтуш долу.

Иштта, масала, адамийн бакъонаш йийцар а, маршо, нийсо а, вошалла боху паролаш коьртера лоручу социалхойн партин могIаршлахь шен президентан кампани дIаяьхьна хилла волу, амма, хетарехь, Элизейшкарчу исбаьхьчу президентан кхерча ша чоьхьа ког ловзушехь и хаза а, нийса а принципаш йицъелча санна лелачу Олланда чIагIдо, Оьрсийчоьнна дуьхьал йолу санкцеш кхин дIа янне а чIагIйан мегар дац, хIунда аьлча, цуо дийцарехь, Оьрсийчоьнан президента Путин Владимира хIинцале а тоъалла беза мах текхна и санкцеш бахьана долуш.

Цу дешнашка ладоьгIча хетадала там бу, Путин Владимир Кремлахь шен шийлачу кабинетехь, санкцеш бахьана долуш, мацалла хьоьгуш ву, я цуьнан харжаш кхачийна, кхана пхьоьранна хIун лол тухур бара-те бохуш холчехь иза ву.

Амма хIан-хIа, Олланда, шен дешнаш тIечIагIдархьама, даладо цхьа кхинарг деза тоьшалла - цуо дийцарехь, Оьрсийчоьнан президенто шен Олландица хиллачу къамелехь аьлла, ша ванне а ма вац Малхбалерчу Украинера кIошташ Оьрсийчоьнах схьатоха гIерташ, аьлла. „Господин Путин дагахь вац Малхбалерчу Украинина аннекси ян. Со теша цунах. Цуо ша аьлла соьга иза“, - бохуш дийцира цуо журналисташка.

Олланда ца хьахдо амма, цул хьалха шега а, кхечаьрга а Путин Владимирс ша ГIирмина а аннекси ян дагахь я Оьрсийчоьнах иза схьатоха гIерташ ца хилар массоза баьхнера, цуо иштта шен салтий а, эскарш ГIирмехь дан ма дац бохуш массоза чIагIдира, ткъа иштта цо Малхбалерчу Украинехь цхьа а оьрсийн эскархо ма вац бохуш массоза чIагIдира, цигара дела денна аьлча санна Оьрсийчу схьа а кхоьхьуш, дIадухкуш шен эскархойн декъий долшехь.

Иза дерриге а ца хьахадеш дитина социалхойн цIарахь Iедалехь волчу Олланда. Амма цуо чIагIдо, Украинин Малхбалехь хьал толушшехь, Оьрсийчоьнна дуьхьал йолу санкцеш сихонца юхъаяха еза бохуш.

КIирандийнахь немцойн Bild am Sonntag цIе йолчу таблоидана ша еллачу интервьюхь иштта немцойн вице-канцлера Габриэль Зигмара а дIахьедар дира, кхин дIа Оьрсийчоьнна дуьхьал гIуданан гIулчаш яха мегар дац, аьлла. Цунна хетарехь, санкцеш чIагIйарца Оьрсийчоь кхин а чIогIа гIелйар а, цигахь дестабилизи кхоллаялар а Европина кхераме ду, и хьал цу тIе далийта луурш Европехь шортта белахь а.

Габриэла билгалдаьккхира, Оьрсийчоьнна дуьхьал санкцеш яхаран Iалашо - иза цу мехкан куьйгалла дагадовларийн шуьне юхадерзор яра, и мохк голашка хIоттор яцара. „Вай Украинера конфликт дIаерзон гIерташ ду, Оьрсийчоь гор хIоттон гIерташ дац. Ткъа Оьрсийчоь кхин а тIехула тIе конфликташ ерзорехь партнер ца хилалуш йиссахь, иза доллучу дуьненна а кхераме тIаьхьалонаш йохьу хIума хир ду“, - элира цо.

Цу хьокъехь карладовлу Европерчу стратегикаллин институтан белхахочуо, политологин Iилманчас Асхабов Хьамзата Оьрсийчоьнний, Малхбузенний юккъехь карарчу хенахь кхоллабелла къийсам – иза цхьа карикатуран тIом тайпа хIума ю бохуш Маршо Радиога дийцар.

Асхабов: „Суна кху тIаьхьарчу шерашкахь дуьненан политикехь а, Малхбузенан а, Оьрсийчоьнан а юкъаметтигашкахь гуш дерг – иза политика сийсазйалар, иаз пайдабоцуче ялар ду. Шинна а агIорчу баккхийчу политикаша а, дуьненан уггаре а нуьцкъалчу пачхьалкхийн куьйгалхоша а наг-нагахь дуьйцу вуно тамашийна, беламе, кхардаме хIумнаш.

Шайна шаьш дуьйцийла а хууш. Я цхьа а тоьшаллаш а ца дахкадо цара шайн дешнашна я цхьа а далилаш а. Хьалха-м хаамийн гIирсашкахула бакъдерг довза а, хIуман духе кхача а аьтто бара, уьш йозуш йоцуш яра. ХIинца уьш оццу политикаша дуьйцург дуьйцуш ю Малхбузехь. Оьрсийчохь-м уьш цкъа а ю аьлла маьрша а ца хиллера, я маьрша хила йита а ца йитнера. Цу кепара, вайна гуш долу сурт дуьненан политика бегйалар а, наханий, Iедалшний юккъехь долу харш кIаргдаларий ду-кх“.

Цуьнца цхьаьна массо а Европера тIеIаткъаме политикаш а, куьйгалхой а бац и тайпа хьежамаш болуш. Оццу Габриэлан хьаькам, немцойн канцлер Меркел Ангела тIаьхьарчу беттанашка вуно шога критика ян йолаелла Кремлан а, Путин Владимирна а. Ур-атталла шен Керлачу шеран буса къоме йистхиларехь а ца Iийра иза Кремлан леламаш емал ца беш.

„Кху шарахь вай дерриш а тешаш хилира, Европерчу кхетамийн баххаш а, къаьмнийн шайн кхоллам шаьш билгалбакха йолу бакъо а хеттаме йилларан. И ду Оьрсийчоьно Украинехь деш лелош дерг. Европано, цхьа а шеко а йоцуш, тIеоьцур яц нуьцкъалчун шена луург лелон йолу бакъо, дуьненаюкъара низамаш а хьоьшуш“, - элира цо.

XS
SM
MD
LG