ТIекхочийла долу линкаш

ОвхIанистанера Iамеркан эскарш


Iамеркан Штатийн инарлаша хаам барехь, ОвхIанистанера эскарш арадахаран Iалашо хийца ца елла, цигарчу президента ГIани Ашрафа шена иза хийцийта лаар хьалхо къадийна хиллехь а. Эскарша ОвхIанистан юьтур ю, шо хьалха къастийначу кепехь, дIахьедина оршотадийнахь Пентагонан векала Уоррен Стива. Цо бахарехь, 10800 эскархо ву таханенна цигахь.

Кхушара эскарш лахдийр ду Iаьмерко 5000 стагна тIекхаччалц. Кхин а шо даьлча цхьа а салти хир вац цигахь. Амма тергамхошна хетарехь, эскарш арадоху хан хийца а тарло президента Обама Барака.

XS
SM
MD
LG