ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийчоьнан эскаре оьцур бу арахьара нах


Оьрсийчоьнан президента Путин Владимира омра арахецна, пачхьалкхан эскарехь арахьарчу нахана гIуллакхдан бакъо луш. Буьйцурш бу махкана юьстаха беха оьрсий. ХIинццалц церан бакъо яцара, шаьш Оьрсийчоьнан бахархой бацаре терра, цуьнан эскаре бовла. Царна Кремло хIинццалц магош дара Эрмалойчохь, Приднестровьехь, Гуьржийчоьнах юьстахъевллачу ХIирийчохь а, Абхазехь а тIеман гIуллакхдан.

Путинан омрано бакъо ло и нах хIинца Оьрсийчоьнан цIарх тIемашка хьийсо. Кремлан векалша чIагIдо, и омра доьзна дац Украинерчу кризисца, цигахь оьрсийн эскархой банне а бац бохуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG