ТIекхочийла долу линкаш

Керстанел а керста гайтира шаьш Путина а, Медведевс а


Миллионаш керстанаша даздина Iиса-Пайхамар вина лору Дечкен-беттан 7-гIа де. Оьрсийн лидерша – Путина а, Медведевс а пачхьалкхан маьI-маьIнехь даздина иза. Медведев Дмитрий шен зудчуьнца хилира кхаарийн буса Кремлна гена йоцчу килсахь. Ткъа Путин Владимир, ша халкъаца вуйла гайтархьама, Воронеж кIоштан цхьана юьртарчу килсе вахара, хаамбо прессано.

Iиса-Пайхамар вар билгалдоккхуш, буьйсанна юккъехь килсашка гуллучу нахах дIаоьш Iедал ду оьрсийн лидерийн. Цара шаьш буьззина суьпа нах хилар гойту цхьа а дела а вац бохучу компартера шаьш дIабевлла дукха хан ца яьллехь а.

XS
SM
MD
LG