ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Дрезденехь жигарабевлла неонацисташ


Германи -- Дрезденерчу неонацистийн Педига-боламан гуламехь, 5Деч2015
Германи -- Дрезденерчу неонацистийн Педига-боламан гуламехь, 5Деч2015

ХIора оршоьтан сарахь Дрезденехь протестан акцешка арабевлуьш бу эзарнаш метигера бахархой, шайх ПЕГИДА ц1е а тиллина. Царна ца тов Германехь совт1ех мигранташ хилар.

Германера малхбалехь Iуьллучу Дрезденехь ПЕГИДА аьлла шайн цIе тиллинчу боламе вовшахбеттабала меттигера нах ши бутт хьалха буьйлабелира. Уьш цкъа хьалха бIе стаг а вацара, дукха хьолехь меттигерчу болхбоцучийн а, уггаре а таронаш ледарйолчийн могIаршкара нах а бара уьш, даима санна шайн дахарехь хуьлучу цатемашна а, шаьш болх бан а, шайн дахар цхьана хорже даккха а гуьнахь ца хиларна кхинберш бехке лоруш болчех. Iедале цара кхойкхуш дерг дара, Европина, къаьстина Германина, исламизаци яр сацаде, махка тIебогIуш болчу нахана юккъехь ша-башха фильтраци а еш, церан динан а, политикан а хьежамаш муха бу толлуш, лакхара дешна а, тоьллачех говзаллаш а ерш бен мухIажарш чу а ма бита бохург.

Амма кесталгIа Германин цу Малхбалехь жигарчу неонацин а, аьтто-радикалан а хьежамаш болчу нахана кхеттера, меттигерачу цхьанна а партехь а боцуш, амма Iедална а, цу Iедалийн мигрантийн политикна а вуно резабоцучу нехан потенциалах вуно тIеIаткъаме болам кхолла йиш юйла.

ХIора оршотдийнахь жимчу тобанца Дрезден гIалин коьртачу майданахь гуллучу оьгIазечу бюргерех тIаккха хуьл-хуьлуш политикан болам хилира, шен Iалашонаш а, кхайкхамаш а, ткъа иштта, кхеташ ма-хиллара, лидерш а болуш.

Ала дашна, лидерех лаьцна. Кхузахь шена тIе тидам бохуьйтуш ду цу тайпа кхайкхамашца эзарнаш нах урамашка бохучу боламан куьйгалхо Бахманн Удо ша массийтаза набахтехь хилла а хилар, цуо тоха-Iоттар а еш, гIийлачаьргара еза хIумнаш а, ахчанаш а схьадохуш хиларна а, нехан чуьра хIумнаш лечкъийна хиларна а.

Иштта беламе а, кхардаме а хетало, мигранташ Германе чу ма бита бохучу кхайкхамца политика еш волу Бахманн ша, рогIера шен зулам бахьана долуш ша набахте ца воллийтархьама, ведда Африкерчу Къилба Республике дIа а вахана, цигахь иллегала мигрант санна масех шарахь ваьхна хилар. Амма, исторера дуьйна схьа хууш ма-хиллара, неонацин хьежамаш я муьлха а кхин шовинистийн я адамаллина гома хьежамаш болу нах даима а хуьлу, дуьйцург цхьаъ долуш, шаьш лелош дерг кхин долуш.

Къаьстина Малхбалерчу Германехь, я вуьшта аьлча, немцойн уггаре кхечу лаьттанашкахь дуккхаъ агIончаш ПЕГИДА боламна карор Малхбалин Европехула волчу аналистана Чапханов Русланна хетарехь ларамаза дац. ХIунда аьлча, массо а мехкашкахь юккъера къечу бахархоша къаьстина сема а тIеоьцу неонацин а, аьтто-радикалхой а лозунгаш.

Чапханов Руслан: „Германехь уггаре а къен агIо ю и нах урамашка буьйлуш йолу Дрезден. Малхбузерчу Германино кхобуш меттигаш а ю уьш. Ткъа къе нах дукха мел болчу меттигашкахь резабацарш а, радикала а, экстремистийн а хьежамаш алсам хуьлу. Царна тIебаьхкинчу хийрачу нахехь шайна конкуренци го, шайгара юург-молург цара дIаяккхарх кхоьру. Ткъа царна хьалхабевллачара и кхерамаш алсам боху“.

Кхин цхьа хIума ду Пегида боламехь, аьлча, мигранташка цабезам массарна а хезаш юккъера Дрезденехь дIакхайкхина хиларехь шена тIе тидам бохуьйтуш. И гIала а, цунна гуонахьара кIошташ Германехь уггаре а кIеззиг мухIажарш а, бусулба дин лелориш а беха меттиг ю. Ма-дарра аьлча, шаьш долчехь янне а йоцу проблема ю цара юхьара лаьцнарг. Цигахь, масала, дац кхечу немцойн гIаланашкахь санна даккхий маьждитгаш, нехан доларчу петаршкахь йина масех ламазан чоь йоцург.

Иштта цигахь бехачу мигранташна юккъехь алсамох долу дакъа бусулбачех лаьтташ дац, Азерчу къаьмнех лаьтташ ду, Вьетнамера я Китайра, я Японера орамаш долчу.

Масала, масех шо хьалха цу гIаларчу културин хьукмато лерина стипенди а делла, цига шарана хьошалгIа кхайкхинчу цхьана нохчийн журналиста цецйаларца дуьйцура, мел лахарх цу гIалахь, кхечу немцойн гIаланашкахь санна, шена хьалал кхача бухку кхерч ца карор а, ша цигахь шо доккхуш цхьа а нохчо шена дуьхьал ца кхетарх лаьцна.

Цу хьокъехь цхьаццаболчу аналисташа билгалдоккху, Дрезден гIалин географи а, цу гIалин бахархойн менталитет а цу кепарчу протесташкахь цхьа мехала меттиг дIалоцуш хилар.

Масала, шийла тIом болчу хенахь а, Германи шина декъе екъна йолуш, Дрезден цхьаъ бен йоцу йоккха Iгала яра Малхбалерчу Германехь, Малхбузера телевизионан программаш ца лацалуш а, цу кепара пенал дехьарчу Германехь а, доллучу маьршачу дуьненахь а долу хьал-дахар ца девзаш а.

Ткъа шена ца девзачух адам, кхеташ ма – хиллара, кхоьруш хуьлу. Цундела хила мега, Германи вовшахкхеттачул тIаьхьа цу Дрезденехь уггаре а алсамох неонацин хьежамаш болу нах хилар а, ткъа меттигерчу парламенте болчу харжамашкахь цигахь шозза аьтто-радикалхой парти толар а.

Делахь а, ксенофоби а, хийрачаьрца гамо яржорна а дуьхьал берш Германехь, ПЕГИДА агIончийн терахьца дуста йиш йоцуш, алсамох бу. Иза кху тIаьхьарчу деношкахь тайп-тайпанчу немцойн яккхийчу шахьарийн урамашкахь гуш а дара. Иштта, масала, Мюнстер гIалахь I0000 эзар стаг араваьллера неонацин хьежамаш болчеран луург чекх дер доцийла гайта, Штутгардехь а, Берлинехь а, Кельнехь а - иштта итт-итт эзар герга наха демонстрациш йира царна дуьхьал, шайна юккъехь могIарера бахархой а, килсан векалш а, исбаьхьалхой а болуш.

Ткъа Германера политикаша, эххара а ПЕГИДА боламах а, цунна тIехьа лаьттачу неонацин жигархойх а болу кхерамах кхеттачу, хIинца шуьйра акцеш дIайолийна Германин массо а аьлча санна яккхийчу гIаланашкахь. Шиъ немцойн экс-канцлер а, хIинца Iедалехь йолу Меркел Ангела а ю ПЕГИДА боламна дуьхьал аз айдинчарех. Масала, хьалха немцойн канцлер хиллачу Шмидт ХIелмута шен халкъе кхайкхамехь билгалдаьккхира: „Вай вешан историга хьаьжча, вай кхетар ду, Германин бакъо яц мигранташ а, политикан тховкIело лоьхуш берш а дIататта“, -аьлла.

XS
SM
MD
LG