ТIекхочийла долу линкаш

Яценюк: Оьрсийчоьно дIабига беза шен бандиташ


Украинан премьер-министра Яценюк Арсенийс чIагIдо, шаьш Донбассерчу сепаратисташца машар кхайкхийнехь а, Оьрсийчоь хIинца а ю шайн махка тIемалой хьийсош бохуш. Шен бандиташ цIабига, аьлла кхайкхамбина цо Оьрсийчоьне хьокъехь шен Берлинерчу визитехь еарийндийнахь.

Канцлерца Меркель Ангелица къамелдеш цо бохура, Украинехь Оьрсийчоьнан ницкъаша мел ден зуламаш президентан Путин Владимиран омрица деш ду. Минскехь беттанаш хьалха бинчу бертан цхьа а могIа бац Кремло кхочушбеш, элира Яценюка.

Оьрсийчоьно, дуьхьалъяьхна санкцеш дуьнено юхайохийла шена лаахь, буьззина кхочушбан беза Минскехь 4 бут хьалха бина барт, элира Меркел Ангелас.

XS
SM
MD
LG