ТIекхочийла долу линкаш

Европерчу базаний чот лахйийр ю Iамерко


Шаьш шайн Европера 15 тIеман база дIаяккха дагахь ду, ткъа цаьргара гIирс дIалур бу бухаюьсучаьрга, дIакхайкхийна Iамеркан Цхьанатоьхначу Штаташа. Iамеркан базанаш лаьтта Британехь, Германехь, Италехь, Португалехь, Бельгехь, ХIолландехь.

Базанаш яцъяран Iалашо ю шарахь ах-миллиард доллар ахча цахь сацон, хаамбо Пентагоно. Амма Балтехь а, Польшехь долу эскарш лахдойла дац Оьрсийчоьно Украинехь кризис естош мел лаьтта, элира Рейтерс-агенталле Iамеркан Штатийн тIеман министра Хейгел Чака.

XS
SM
MD
LG